Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 85 – 93

  1. وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الرُّوحِ ۖ قُلِ الرُّوحُ مِنْ أَمْرِ رَبِّي وَمَا أُوتِيتُمْ مِنَ الْعِلْمِ إِلَّا قَلِيلًا

    Цара хьоьга хоьтту сих /лаьцна/.Ахь āла: 'Са сан Кхиош-кхобучун гӀуллакхах ду. Шуна Ӏилма кӀеззиг бен ца делла'

    17:85
  2. وَلَئِنْ شِئْنَا لَنَذْهَبَنَّ بِالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ بِهِ عَلَيْنَا وَكِيلًا

    Тхуна лиънехьара‚ Оха дӀадаьккхина хир дара хьоьга Тхаьш ваьхьица делларг – тӀаккха хьуна карор вац хьайна цуьнца Тхуна тӀехь векал (и духадерзо ницкъ берг)

    17:86
  3. إِلَّا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّ فَضْلَهُ كَانَ عَلَيْكَ كَبِيرًا

    Хьо Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам а бен. Цуьнан комаьршалла хьуна тӀехь йоккха хилла

    17:87
  4. قُلْ لَئِنِ اجْتَمَعَتِ الْإِنْسُ وَالْجِنُّ عَلَىٰ أَنْ يَأْتُوا بِمِثْلِ هَٰذَا الْقُرْآنِ لَا يَأْتُونَ بِمِثْلِهِ وَلَوْ كَانَ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ ظَهِيرًا

    Ахь āла: 'Адамаш а‚ жинаш а гулделча хӀокху Къуръанах тераниг дан‚ дийр дацара цара цунах тераниг‚ царах цхьаберш вукхарна накъостий хилча а'

    17:88
  5. وَلَقَدْ صَرَّفْنَا لِلنَّاسِ فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ فَأَبَىٰ أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا

    Оха хӀокху Къуръан чохь нахана билгалдаьккхина массо а хма. Тккха а дукхахболу нах керстаналла доцчунна дуьхьал хилира

    17:89
  6. وَقَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ تَفْجُرَ لَنَا مِنَ الْأَرْضِ يَنْبُوعًا

    Цара элира: 'Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),

    17:90
  7. أَوْ تَكُونَ لَكَ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَعِنَبٍ فَتُفَجِّرَ الْأَنْهَارَ خِلَالَهَا تَفْجِيرًا

    Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь

    17:91
  8. أَوْ تُسْقِطَ السَّمَاءَ كَمَا زَعَمْتَ عَلَيْنَا كِسَفًا أَوْ تَأْتِيَ بِاللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ قَبِيلًا

    Я стигал ахь тхуна тӀе, ахь чгма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца вагхь‚

    17:92
  9. أَوْ يَكُونَ لَكَ بَيْتٌ مِنْ زُخْرُفٍ أَوْ تَرْقَىٰ فِي السَّمَاءِ وَلَنْ نُؤْمِنَ لِرُقِيِّكَ حَتَّىٰ تُنَزِّلَ عَلَيْنَا كِتَابًا نَقْرَؤُهُ ۗ قُلْ سُبْحَانَ رَبِّي هَلْ كُنْتُ إِلَّا بَشَرًا رَسُولًا

    Я хьан хазйинчу хманийн (дашо) цӀа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш'. Ахь āла: 'Вонах цӀена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац.'

    17:93

Гочдар: Магомед Магомедов