Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 90 – 93

  1. وَقَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ تَفْجُرَ لَنَا مِنَ الْأَرْضِ يَنْبُوعًا

    Цара элира: 'Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),

    17:90
  2. أَوْ تَكُونَ لَكَ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَعِنَبٍ فَتُفَجِّرَ الْأَنْهَارَ خِلَالَهَا تَفْجِيرًا

    Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь

    17:91
  3. أَوْ تُسْقِطَ السَّمَاءَ كَمَا زَعَمْتَ عَلَيْنَا كِسَفًا أَوْ تَأْتِيَ بِاللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ قَبِيلًا

    Я стигал ахь тхуна тIе, ахь чгма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца вагхь‚

    17:92
  4. أَوْ يَكُونَ لَكَ بَيْتٌ مِنْ زُخْرُفٍ أَوْ تَرْقَىٰ فِي السَّمَاءِ وَلَنْ نُؤْمِنَ لِرُقِيِّكَ حَتَّىٰ تُنَزِّلَ عَلَيْنَا كِتَابًا نَقْرَؤُهُ ۗ قُلْ سُبْحَانَ رَبِّي هَلْ كُنْتُ إِلَّا بَشَرًا رَسُولًا

    Я хьан хазйинчу хманийн (дашо) цIа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш'. Ахь āла: 'Вонах цIена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац.'

    17:93

Гочдар: Магомед Магомедов