Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 90 – 95
-
وَقَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ لَكَ حَتَّىٰ تَفْجُرَ لَنَا مِنَ الْأَرْضِ يَنْبُوعًا
Цара элира: 'Тхо цкъа а тешар ма дац хьох ахь ца даккхахь тхуна лаьттах хьаст (шовда),
17:90 -
أَوْ تَكُونَ لَكَ جَنَّةٌ مِنْ نَخِيلٍ وَعِنَبٍ فَتُفَجِّرَ الْأَنْهَارَ خِلَالَهَا تَفْجِيرًا
Я хьуна хурманийн а‚ кемсийн а беш ца хилахь‚ цунна юккъехула ахь хин татолаш ца дахкахь
17:91 -
أَوْ تُسْقِطَ السَّمَاءَ كَمَا زَعَمْتَ عَلَيْنَا كِسَفًا أَوْ تَأْتِيَ بِاللَّهِ وَالْمَلَائِكَةِ قَبِيلًا
Я стигал ахь тхуна тӀе, ахь чгма-дарра, кескашца ца йожаяхь‚ я хьо тхуна дуьхьал Дела а‚ маликаш а далош ца вагхь‚
17:92 -
أَوْ يَكُونَ لَكَ بَيْتٌ مِنْ زُخْرُفٍ أَوْ تَرْقَىٰ فِي السَّمَاءِ وَلَنْ نُؤْمِنَ لِرُقِيِّكَ حَتَّىٰ تُنَزِّلَ عَلَيْنَا كِتَابًا نَقْرَؤُهُ ۗ قُلْ سُبْحَانَ رَبِّي هَلْ كُنْتُ إِلَّا بَشَرًا رَسُولًا
Я хьан хазйинчу хманийн (дашо) цӀа ца хилахь‚ я хьо стигла ца валахь. Цкъа а тешар дац тхо хьан /стигал/ валарх а, ахь тхуна жайна доссадалц‚ оха ша доьшуш а долуш'. Ахь āла: 'Вонах цӀена ву сан Кхиош-Кхобург‚ ткъа со адам - элча бен ма вац.'
17:93 -
وَمَا مَنَعَ النَّاسَ أَنْ يُؤْمِنُوا إِذْ جَاءَهُمُ الْهُدَىٰ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَبَعَثَ اللَّهُ بَشَرًا رَسُولًا
Нах (керстанаш) ца совцийна тешарх (ийман дилларх) шайга нийса некъ беъча а‚ 'Адам доуьйту ткъа Дала элча хуьлий?' шаьш аларо бен
17:94 -
قُلْ لَوْ كَانَ فِي الْأَرْضِ مَلَائِكَةٌ يَمْشُونَ مُطْمَئِنِّينَ لَنَزَّلْنَا عَلَيْهِمْ مِنَ السَّمَاءِ مَلَكًا رَسُولًا
Ахь āла: 'Лаьттахь паргӀат лелаш маликаш хиллехь‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик, элча а хилла'
17:95
Гочдар: Магомед Магомедов