Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 94 – 100

  1. وَمَا مَنَعَ النَّاسَ أَنْ يُؤْمِنُوا إِذْ جَاءَهُمُ الْهُدَىٰ إِلَّا أَنْ قَالُوا أَبَعَثَ اللَّهُ بَشَرًا رَسُولًا

    Нах (керстанаш) ца совцийна тешарх (ийман дилларх) шайга нийса некъ беъча а‚ 'Адам доуьйту ткъа Дала элча хуьлий?' шаьш аларо бен

    17:94
  2. قُلْ لَوْ كَانَ فِي الْأَرْضِ مَلَائِكَةٌ يَمْشُونَ مُطْمَئِنِّينَ لَنَزَّلْنَا عَلَيْهِمْ مِنَ السَّمَاءِ مَلَكًا رَسُولًا

    Ахь āла: 'Лаьттахь паргӀат лелаш маликаш хиллехь‚ цаьрга доссийна хир дара Оха стиглара малик, элча а хилла'

    17:95
  3. قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِعِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا

    Ахь āла: ' Кхачам бу Дела теш хилар суна а‚ шуна а юккъехь. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш /сов дика/ бевзаш а‚ гуш а'

    17:96
  4. وَمَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِ ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَلَنْ تَجِدَ لَهُمْ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِهِ ۖ وَنَحْشُرُهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ عُمْيًا وَبُكْمًا وَصُمًّا ۖ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ كُلَّمَا خَبَتْ زِدْنَاهُمْ سَعِيرًا

    Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилабала буьтуш берш – хьуна карор ма бац царна гӀоьнчий, И Ша воцург. Оха гулбийр бу уьш къематдийнахь шайн яххьаш тӀехь бӀаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугӀойла – жоьжахати /-н цӀе/ ю. И ма яйнехь‚ Оха царна алу совйоккху

    17:97
  5. ذَٰلِكَ جَزَاؤُهُمْ بِأَنَّهُمْ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا وَقَالُوا أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا وَرُفَاتًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًا جَدِيدًا

    Иза царна бекхам бу уьш Тхан аятех ца тешаш хиларна а‚ цара аларна а: 'Тхо даьӀахкаш а‚ чим а хилча‚ керла халкъ хилла дендийр ду, ткъа?'

    17:98
  6. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ قَادِرٌ عَلَىٰ أَنْ يَخْلُقَ مِثْلَهُمْ وَجَعَلَ لَهُمْ أَجَلًا لَا رَيْبَ فِيهِ فَأَبَى الظَّالِمُونَ إِلَّا كُفُورًا

    Царна ца го-техьа и стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела ницкъ кхочуш хилар и саннарг юхакхолла? Цо царна шегахь шеко йоцу Ӏожалла йиллира, - тккха а зуламхоша керстаналла бен къобал ца дира

    17:99
  7. قُلْ لَوْ أَنْتُمْ تَمْلِكُونَ خَزَائِنَ رَحْمَةِ رَبِّي إِذًا لَأَمْسَكْتُمْ خَشْيَةَ الْإِنْفَاقِ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ قَتُورًا

    Ахь āла: 'Шу хилча а сан Кхиош-Кхобучун къинхетаман хазнийн доладеш‚ бӀаьрмециг хир ма дара шу, уьш (и хазнаш) шайгара дӀадовларна кхоьруш. Адам хилла пис (сутара)

    17:100

Гочдар: Магомед Магомедов