Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 1 – 12

  1. الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَنْزَلَ عَلَىٰ عَبْدِهِ الْكِتَابَ وَلَمْ يَجْعَلْ لَهُ عِوَجًا ۜ

    Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цу чохь (Къуръан чохь) нийса доцург ца далийна Цо

    18:1
  2. قَيِّمًا لِيُنْذِرَ بَأْسًا شَدِيدًا مِنْ لَدُنْهُ وَيُبَشِّرَ الْمُؤْمِنِينَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا حَسَنًا

    Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам хилийта Шегара чӀогӀачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана кхаъ баккхийта царна хаза ял хиларца

    18:2
  3. مَاكِثِينَ فِيهِ أَبَدًا

    Уьш цу чохь гуттар лаьтташ

    18:3
  4. وَيُنْذِرَ الَّذِينَ قَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا

    Кхерам таса шаьш олучарна: 'Дала доьзалхо лаьцна'

    18:4
  5. مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ وَلَا لِآبَائِهِمْ ۚ كَبُرَتْ كَلِمَةً تَخْرُجُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ ۚ إِنْ يَقُولُونَ إِلَّا كَذِبًا

    Царна цуьнца цхьа а Ӏилма дац‚ церан дайшна а (ца хилла и). Инзаре доккха хили церан багахула долург (доккха къа хиларан) дашца. Харцдерг бен ма дац цара олуш дерг

    18:5
  6. فَلَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَفْسَكَ عَلَىٰ آثَارِهِمْ إِنْ لَمْ يُؤْمِنُوا بِهَٰذَا الْحَدِيثِ أَسَفًا

    Хьо хила мега хьайн дог дохош церан ларшца (уьш бахьанехь сингаттаме а хилла)‚ халахеташ хӀокху хабарех а уьш ца тийшича

    18:6
  7. إِنَّا جَعَلْنَا مَا عَلَى الْأَرْضِ زِينَةً لَهَا لِنَبْلُوَهُمْ أَيُّهُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا

    Оха лаьтта тӀехь мел дерг хаздина цунна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Ӏамалца уггар диканиг?

    18:7
  8. وَإِنَّا لَجَاعِلُونَ مَا عَلَيْهَا صَعِيدًا جُرُزًا

    Оха хуьлуьйтур ю цу тӀехь мел ерг декъа латта (тхь хмма а йоцуш)

    18:8
  9. أَمْ حَسِبْتَ أَنَّ أَصْحَابَ الْكَهْفِ وَالرَّقِيمِ كَانُوا مِنْ آيَاتِنَا عَجَبًا

    Я хьо моьттуш вара-те и хьехан а‚ ракъиман а дай Тхан аяташна /юккъехь/ тамаше хӀума хилла?

    18:9
  10. إِذْ أَوَى الْفِتْيَةُ إِلَى الْكَهْفِ فَقَالُوا رَبَّنَا آتِنَا مِنْ لَدُنْكَ رَحْمَةً وَهَيِّئْ لَنَا مِنْ أَمْرِنَا رَشَدًا

    Хьахаде /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: цхьа къонахий д ма лечкъира хьеха чу‚ цара элира: 'Тхан Кхиош-Кхобург‚ Хьайгара къинхетам лолахь тхуна‚ атта делахь тхуна тхан гӀуллакхехь нисдалар'

    18:10
  11. فَضَرَبْنَا عَلَىٰ آذَانِهِمْ فِي الْكَهْفِ سِنِينَ عَدَدًا

    Оха церан лергаш дкъевлира хьеха чохь масийтта шарна

    18:11
  12. ثُمَّ بَعَثْنَاهُمْ لِنَعْلَمَ أَيُّ الْحِزْبَيْنِ أَحْصَىٰ لِمَا لَبِثُوا أَمَدًا

    ТӀаккха Оха уьш денбира (самабехира) Тхайна хаархьама /нахана гучудоккхуш/, шина тобанах муьлханиг ю цара яьккхина хан дика ягаръеш

    18:12

Гочдар: Магомед Магомедов