Сурат 18 Аль-кахIф (Нокхе), аят 1 – 8
-
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَنْزَلَ عَلَىٰ عَبْدِهِ الْكِتَابَ وَلَمْ يَجْعَلْ لَهُ عِوَجًا ۜ
Хастам бу Далла‚ Ша Шен лега жайна доссийначу‚ цу чохь (Къуръан чохь) нийса доцург ца далийна Цо
18:1 -
قَيِّمًا لِيُنْذِرَ بَأْسًا شَدِيدًا مِنْ لَدُنْهُ وَيُبَشِّرَ الْمُؤْمِنِينَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا حَسَنًا
Нийса хилла долу /жайна ду иза/, цунах /цатешачарна/ кхерам хилийта Шегара чIогIачу ницкъаца‚ шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана кхаъ баккхийта царна хаза ял хиларца
18:2 -
مَاكِثِينَ فِيهِ أَبَدًا
Уьш цу чохь гуттар лаьтташ
18:3 -
وَيُنْذِرَ الَّذِينَ قَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا
Кхерам таса шаьш олучарна: 'Дала доьзалхо лаьцна'
18:4 -
مَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ وَلَا لِآبَائِهِمْ ۚ كَبُرَتْ كَلِمَةً تَخْرُجُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ ۚ إِنْ يَقُولُونَ إِلَّا كَذِبًا
Царна цуьнца цхьа а Iилма дац‚ церан дайшна а (ца хилла и). Инзаре доккха хили церан багахула долург (доккха къа хиларан) дашца. Харцдерг бен ма дац цара олуш дерг
18:5 -
فَلَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَفْسَكَ عَلَىٰ آثَارِهِمْ إِنْ لَمْ يُؤْمِنُوا بِهَٰذَا الْحَدِيثِ أَسَفًا
Хьо хила мега хьайн дог дохош церан ларшца (уьш бахьанехь сингаттаме а хилла)‚ халахеташ хIокху хабарех а уьш ца тийшича
18:6 -
إِنَّا جَعَلْنَا مَا عَلَى الْأَرْضِ زِينَةً لَهَا لِنَبْلُوَهُمْ أَيُّهُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا
Оха лаьтта тIехь мел дерг хаздина цунна (лаьттана), уьш зерхьама: муьлха ву-те Iамалца уггар диканиг?
18:7 -
وَإِنَّا لَجَاعِلُونَ مَا عَلَيْهَا صَعِيدًا جُرُزًا
Оха хуьлуьйтур ю цу тIехь мел ерг декъа латта (тхь хмма а йоцуш)
18:8
Гочдар: Магомед Магомедов