Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 102 – 110

  1. أَفَحَسِبَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنْ يَتَّخِذُوا عِبَادِي مِنْ دُونِي أَوْلِيَاءَ ۚ إِنَّا أَعْتَدْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَافِرِينَ نُزُلًا

    Цатешначарна моьтту-те шаьш‚ Со воцург‚ Сан леш гӀоьнчий луьйцур бу? Оха кечйина жоьжахати цатешачарна чубисса

    18:102
  2. قُلْ هَلْ نُنَبِّئُكُمْ بِالْأَخْسَرِينَ أَعْمَالًا

    Ахь āла: 'Ас буьйций шуна Ӏамалашца уггар эшнарш‚

    18:103
  3. الَّذِينَ ضَلَّ سَعْيُهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَهُمْ يَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ يُحْسِنُونَ صُنْعًا

    Дуьненан дахаре шайн къахьегар /эрна/ дайина хилларш, шаьш дика болх беш бу моьттуш?'

    18:104
  4. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ وَلِقَائِهِ فَحَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فَلَا نُقِيمُ لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَزْنًا

    Уьш бу шаьш шайн Кхиош-кхобучун аяташна а‚ Цунна дуьхьалкхетарна а керстаналла динарш‚ эрна хилла церан Ӏамалш‚ хӀоттор дац Оха царна къематдийнахь терза

    18:105
  5. ذَٰلِكَ جَزَاؤُهُمْ جَهَنَّمُ بِمَا كَفَرُوا وَاتَّخَذُوا آيَاتِي وَرُسُلِي هُزُوًا

    И - царна бекхам бу – жоьжахати: шаьш керстаналла дарна а‚ Сан аяташ а‚ Сан элчанаш а бахьорна а

    18:106
  6. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ كَانَتْ لَهُمْ جَنَّاتُ الْفِرْدَوْسِ نُزُلًا

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а – царна хилла Фирдавсан бошмаш чохь Ӏан –

    18:107
  7. خَالِدِينَ فِيهَا لَا يَبْغُونَ عَنْهَا حِوَلًا

    Цу чохь гуттар лаьтташ‚ царах шайна дӀатила ца лууш

    18:108
  8. قُلْ لَوْ كَانَ الْبَحْرُ مِدَادًا لِكَلِمَاتِ رَبِّي لَنَفِدَ الْبَحْرُ قَبْلَ أَنْ تَنْفَدَ كَلِمَاتُ رَبِّي وَلَوْ جِئْنَا بِمِثْلِهِ مَدَدًا

    Ахь āла: 'ХӀорд сан Кхиош-кхобучун дешнашна шекъа хилча а, – хӀорд кхачалур бара сан Кхиош-кхобучун дешнаш кхачадалале‚ цунах тераниг Оха алссам деъчи а /кхин хӀорд хилийтича а/'

    18:109
  9. قُلْ إِنَّمَا أَنَا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَمَنْ كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ رَبِّهِ فَلْيَعْمَلْ عَمَلًا صَالِحًا وَلَا يُشْرِكْ بِعِبَادَةِ رَبِّهِ أَحَدًا

    Ахь āла: 'Со адам ду шу санна‚ суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла. Шен Кхиош-кхобучунна дуьхьалкхетаре дог дохуш хиллачо – дика Ӏамал йойла‚ шен Кхиош-кхобучун Ӏибадат дарехь цхьа а накъост ма лоцийла'

    18:110

Гочдар: Магомед Магомедов