Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 13 – 17

  1. نَحْنُ نَقُصُّ عَلَيْكَ نَبَأَهُمْ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّهُمْ فِتْيَةٌ آمَنُوا بِرَبِّهِمْ وَزِدْنَاهُمْ هُدًى

    Оха дуьйцу хьоьга церан хабар бакъдолчуьнца. Баккъалла а, уьш къонахий бара шайн Кхиош-Кхобучух тешна‚ Оха совбехира уьш нийсачу некъаца

    18:13
  2. وَرَبَطْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ إِذْ قَامُوا فَقَالُوا رَبُّنَا رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَنْ نَدْعُوَ مِنْ دُونِهِ إِلَٰهًا ۖ لَقَدْ قُلْنَا إِذًا شَطَطًا

    Оха чӀагӀдира церан дегнаш, уьш хьалагӀевтича. Цара элира: 'Тхан Кхиош-Кхобург‚ стигланийн а‚ лаьттан а Эла ву Хьо‚ оха кхойкхур ма дац И воцчу Деле, – тӀаккха оха гӀалат дерг эр ма дара!

    18:14
  3. هَٰؤُلَاءِ قَوْمُنَا اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً ۖ لَوْلَا يَأْتُونَ عَلَيْهِمْ بِسُلْطَانٍ بَيِّنٍ ۖ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا

    ХӀокху тхан къомо Иза воцург /кхин/ деланаш лаьцна. Цара деънехьара царна тӀехь билгала делил! Мила ву ткъа вуно зуламе ша Далла тӀехь харцдерг кхоьллинчул?'

    18:15
  4. وَإِذِ اعْتَزَلْتُمُوهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ إِلَّا اللَّهَ فَأْوُوا إِلَى الْكَهْفِ يَنْشُرْ لَكُمْ رَبُّكُمْ مِنْ رَحْمَتِهِ وَيُهَيِّئْ لَكُمْ مِنْ أَمْرِكُمْ مِرْفَقًا

    'Шу царах а‚ цара, Дела а витина, Ӏибадат дечух а дӀакъаьсти‚ хьеха чу дӀаловчкъийша – шуна баржор бу шун Кхиош-Кхобучо Шен къинхетамах /къинхетам/‚ Цо шуна аьтто бийр бу шун гллакхашкахь'

    18:16
  5. وَتَرَى الشَّمْسَ إِذَا طَلَعَتْ تَزَاوَرُ عَنْ كَهْفِهِمْ ذَاتَ الْيَمِينِ وَإِذَا غَرَبَتْ تَقْرِضُهُمْ ذَاتَ الشِّمَالِ وَهُمْ فِي فَجْوَةٍ مِنْهُ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ ۗ مَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِ ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ وَلِيًّا مُرْشِدًا

    Хьуна го, малх схьакхетачу хенахь церан хьехана аьтту агӀорхула дӀахьаьвзаш, дӀабузучу хенахь – царах дӀатуьлуш аьрру агӀорхула, уьш цуьнан (хьехан) паргтчу меттигехь а болуш. Иза Делан делилех ду. Дала нисвеш верг – иза нийса верг ву‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна цкъа а карор ма вац цунна нийса некъ хьоьху гьнча

    18:17

Гочдар: Магомед Магомедов