Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 18 – 22

  1. وَتَحْسَبُهُمْ أَيْقَاظًا وَهُمْ رُقُودٌ ۚ وَنُقَلِّبُهُمْ ذَاتَ الْيَمِينِ وَذَاتَ الشِّمَالِ ۖ وَكَلْبُهُمْ بَاسِطٌ ذِرَاعَيْهِ بِالْوَصِيدِ ۚ لَوِ اطَّلَعْتَ عَلَيْهِمْ لَوَلَّيْتَ مِنْهُمْ فِرَارًا وَلَمُلِئْتَ مِنْهُمْ رُعْبًا

    Хьуна моьтту уьш сема бу‚ ткъа уьш наб еш бу‚ Оха берзабо уьш аьтто агӀор а‚ аьрру агӀор а /латте церан догаш ца даийта/. Церан жӀаьла, шен ши ког а баржийна, неӀсагӀехь ду. Царна тӀекхиънехь, – юхавер вара хьо ведда‚ тхдер ма дара хьан царах кхерар

    18:18
  2. وَكَذَٰلِكَ بَعَثْنَاهُمْ لِيَتَسَاءَلُوا بَيْنَهُمْ ۚ قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ كَمْ لَبِثْتُمْ ۖ قَالُوا لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ ۚ قَالُوا رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثْتُمْ فَابْعَثُوا أَحَدَكُمْ بِوَرِقِكُمْ هَٰذِهِ إِلَى الْمَدِينَةِ فَلْيَنْظُرْ أَيُّهَا أَزْكَىٰ طَعَامًا فَلْيَأْتِكُمْ بِرِزْقٍ مِنْهُ وَلْيَتَلَطَّفْ وَلَا يُشْعِرَنَّ بِكُمْ أَحَدًا

    Иштта денбира (самабехира) Оха уьш, цаьрга вовшашка хаттийтархьама. Царах олучо элира: 'Мел лаьттира шу (оцу хьолехь)?' Цара элира: 'Тхо лаьттира цхьана дийнахь я дийнан декъахь?' Цара элира: 'Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шу мел лаьттинехь а. Аш вахийта шайх цхьаъ хӀокху кехаташца гӀала. Лохийла цо уггар цӀена кхача – цунах рицкъ дохьийла цо шуна‚ сема хуьлийла иза‚ цхьаьнга ма хоуьйтийла цо шух дерг

    18:19
  3. إِنَّهُمْ إِنْ يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ يَرْجُمُوكُمْ أَوْ يُعِيدُوكُمْ فِي مِلَّتِهِمْ وَلَنْ تُفْلِحُوا إِذًا أَبَدًا

    Баккъалла а, уьш шуна тӀенислахь, цара тӀулгаш деттар ду шуна‚ я шу духадерзор ду шайн дине – тӀаккха цкъеллига цкъа а даккхийдер дац шу!'

    18:20
  4. وَكَذَٰلِكَ أَعْثَرْنَا عَلَيْهِمْ لِيَعْلَمُوا أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَأَنَّ السَّاعَةَ لَا رَيْبَ فِيهَا إِذْ يَتَنَازَعُونَ بَيْنَهُمْ أَمْرَهُمْ ۖ فَقَالُوا ابْنُوا عَلَيْهِمْ بُنْيَانًا ۖ رَبُّهُمْ أَعْلَمُ بِهِمْ ۚ قَالَ الَّذِينَ غَلَبُوا عَلَىٰ أَمْرِهِمْ لَنَتَّخِذَنَّ عَلَيْهِمْ مَسْجِدًا

    Иштта Оха царна тӀе /нах/ нисбалийтира, царна хаийтархьама Делан ваӀда бакъ юйла‚ сахьт– цу чохь шеко йоцийла (къематде хттур хиларна). Церан гӀуллакхехь вовшашца галморзахбевлира уьш. Элира (цхьаболчара): 'ГӀишло е царна тӀехула (хьехана гонахула). Церан Кхиош-Кхобург дика хууш ву царах дерг'. Церан гӀуллакхна тӀехь тоьллачара элира: 'Царна тӀехь маьждиг (ламаз ден меттиг) дийр ду вай'

    18:21
  5. سَيَقُولُونَ ثَلَاثَةٌ رَابِعُهُمْ كَلْبُهُمْ وَيَقُولُونَ خَمْسَةٌ سَادِسُهُمْ كَلْبُهُمْ رَجْمًا بِالْغَيْبِ ۖ وَيَقُولُونَ سَبْعَةٌ وَثَامِنُهُمْ كَلْبُهُمْ ۚ قُلْ رَبِّي أَعْلَمُ بِعِدَّتِهِمْ مَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا قَلِيلٌ ۗ فَلَا تُمَارِ فِيهِمْ إِلَّا مِرَاءً ظَاهِرًا وَلَا تَسْتَفْتِ فِيهِمْ مِنْهُمْ أَحَدًا

    Цара эр ду: 'Кхоъ ву (уьш)‚ церан доьалгӀаниг – церан жӀаьла ду'. Олу /цхьа кхечара/: 'Пхиъ ву (уьш)‚ церан йолхалгӀаниг – церан жӀаьла ду'‚ гучахь доцург хаа гӀерташ. Олу /вукхара/: 'ВорхӀ ву‚ церан борхӀалгӀаниг – церан жӀаьла ду'. Ахь āла: 'Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву церан терахь (уьш маса хиллехь)‚ уьш ца бевза кӀеззигчарна бен'. Цаьрца ма къийса билгалдолчуьнца бен. Царах лаьцна хкхарах цхьаьнга ма хетта

    18:22

Гочдар: Магомед Магомедов