Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 23 – 31

  1. وَلَا تَقُولَنَّ لِشَيْءٍ إِنِّي فَاعِلٌ ذَٰلِكَ غَدًا

    Ахь аллане а ма алалахь цхьана хӀуманна тӀехь: 'Ас дийр ду иза кхана,

    18:23
  2. إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ وَاذْكُرْ رَبَّكَ إِذَا نَسِيتَ وَقُلْ عَسَىٰ أَنْ يَهْدِيَنِ رَبِّي لِأَقْرَبَ مِنْ هَٰذَا رَشَدًا

    Далла лаахь'‚ олуш бен. Хьайн Кхиош-Кхобург дагаваийталахь хьуо вицвелча‚ āлалахь: 'ХӀокхул а нийсачунна герга вахийта мега со сайн Кхиош-Кхобучо'

    18:24
  3. وَلَبِثُوا فِي كَهْفِهِمْ ثَلَاثَ مِائَةٍ سِنِينَ وَازْدَادُوا تِسْعًا

    Шайн хьеха чохь уьш лаьттира кхаа бӀе шарахь‚ /кхин/ исс /шо/ ттуьйхира царна (шерашна)

    18:25
  4. قُلِ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا لَبِثُوا ۖ لَهُ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَبْصِرْ بِهِ وَأَسْمِعْ ۚ مَا لَهُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا يُشْرِكُ فِي حُكْمِهِ أَحَدًا

    Ахь āла: 'Дела дика хууш ву уьш мел лаьттира‚ Цуьнгахь ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле'. Ма дика гуш ву Иза (ган мел дезарг)! Ма дика хезаш ву Иза (хаза мел дезарг)! И воцург цхьа а доладийриг ма вац царна‚ Шен хьукамехь цхьа а накъост ца лоцу Цо

    18:26
  5. وَاتْلُ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنْ كِتَابِ رَبِّكَ ۖ لَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ وَلَنْ تَجِدَ مِنْ دُونِهِ مُلْتَحَدًا

    Ахь дийца (Ӏамаде) хьайга ваьхьица деллачу хьайн Кхиош-Кхобучун жайнах. Вац Цуьнан дешнаш хуьйцуверг‚ хьуна цкъа а карор яц Цунна Шена т йоцург дӀавада меттиг

    18:27
  6. وَاصْبِرْ نَفْسَكَ مَعَ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ ۖ وَلَا تَعْدُ عَيْنَاكَ عَنْهُمْ تُرِيدُ زِينَةَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَا تُطِعْ مَنْ أَغْفَلْنَا قَلْبَهُ عَنْ ذِكْرِنَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ وَكَانَ أَمْرُهُ فُرُطًا

    Хьо собаре хила шайн кхиош-кхобучу Делан юьхь езаш, Цуьнга Ӏуьйранна а, суьйранна а кхойкхучаьрца. Хьайн ши бӀаьрг дӀа ма берзабе царах, дуьненан хазалла езаш‚ хьо муьтӀахь ма хила Оха шен дог Тхо хьехорна гӀовпал динчунна а‚ шен дезаршна тӀаьхьахӀоьттинчунна а‚ – цуьнан гӀуллакх эрна хилла

    18:28
  7. وَقُلِ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنْ شَاءَ فَلْيُؤْمِنْ وَمَنْ شَاءَ فَلْيَكْفُرْ ۚ إِنَّا أَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ نَارًا أَحَاطَ بِهِمْ سُرَادِقُهَا ۚ وَإِنْ يَسْتَغِيثُوا يُغَاثُوا بِمَاءٍ كَالْمُهْلِ يَشْوِي الْوُجُوهَ ۚ بِئْسَ الشَّرَابُ وَسَاءَتْ مُرْتَفَقًا

    Ахь āла: 'Бакъдерг ду шун Кхиош-Кхобучуьнгара. Шена лиънарг тешийла‚ шена лиънарг керста хуьлийла'. Баккъалла а, Оха кечйина зуламхошна /жоьжахатин/ цӀе‚ цуьнан пенаша гобийр бу царах. Цара гӀо дехахь‚ царна гӀо дийр ду хица‚ ша лалийначу эчигах тера долчу, яххьаш а ягаеш. Ма вон малар ду-кх! Вон хилла /церан/ чугйла (жоьжахате)!

    18:29
  8. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ مَنْ أَحْسَنَ عَمَلًا

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика малш йинарш а, – баккъалла а, Оха эшор ма яц хаза Ӏамал йинчун ял

    18:30
  9. أُولَٰئِكَ لَهُمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَيَلْبَسُونَ ثِيَابًا خُضْرًا مِنْ سُنْدُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ ۚ نِعْمَ الثَّوَابُ وَحَسُنَتْ مُرْتَفَقًا

    Уьш бу шайна Ӏадн(ялсаманин) бошмаш ерш‚ шайн /когаш/ бухахула хиш оьхуш‚ хазбийр бу уьш цу чохь дашо хзаршца‚ цара тӀедухур ду атласан а, деза дарийн баьццара духар а‚ цу чохь шаьш маьнгешна тӀетевжина лаьтташ. Ма дика мēла бу-кх! Хаза хили (церан) чугйла (ялсамане) !

    18:31

Гочдар: Магомед Магомедов