Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 32 – 44

  1. وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلًا رَجُلَيْنِ جَعَلْنَا لِأَحَدِهِمَا جَنَّتَيْنِ مِنْ أَعْنَابٍ وَحَفَفْنَاهُمَا بِنَخْلٍ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمَا زَرْعًا

    Масална валаве царна ши стаг. Цу шиннах цхьанна Оха кемсийн ши беш хилийтина‚ цу шинна (бешана) го бира Оха хурманашца‚ цу шинна юккъехь ялта хилийтира

    18:32
  2. كِلْتَا الْجَنَّتَيْنِ آتَتْ أُكُلَهَا وَلَمْ تَظْلِمْ مِنْهُ شَيْئًا ۚ وَفَجَّرْنَا خِلَالَهُمَا نَهَرًا

    Шина а бешо шайн даар делира‚ цунах (стоьмех) хӀумма а ца телхира. Царна юккъехула хи дигира Оха

    18:33
  3. وَكَانَ لَهُ ثَمَرٌ فَقَالَ لِصَاحِبِهِ وَهُوَ يُحَاوِرُهُ أَنَا أَكْثَرُ مِنْكَ مَالًا وَأَعَزُّ نَفَرًا

    Цунна хилира стоьмаш, тӀаккха цо шен накъосте элира, и шеца къамел деш а волуш: 'Сан хьайчул алсамо бу бахам а‚ со хьол сийлахьо ву накъостий хиларца а'

    18:34
  4. وَدَخَلَ جَنَّتَهُ وَهُوَ ظَالِمٌ لِنَفْسِهِ قَالَ مَا أَظُنُّ أَنْ تَبِيدَ هَٰذِهِ أَبَدًا

    И шен беша велира‚ шена зулам деш а волуш‚ цо элира: 'Суна ца моьтту цкъеллига цкъа а дӀаер ю /хӀара беш/

    18:35
  5. وَمَا أَظُنُّ السَّاعَةَ قَائِمَةً وَلَئِنْ رُدِدْتُ إِلَىٰ رَبِّي لَأَجِدَنَّ خَيْرًا مِنْهَا مُنْقَلَبًا

    Суна ца моьтту сахьт хӀуттур ду. Со сайн Кхиош-Кхобучуьнга дӀаверзавахь, суна кароза дуьсур ма дац дӀаверзарца цул диканиг'

    18:36
  6. قَالَ لَهُ صَاحِبُهُ وَهُوَ يُحَاوِرُهُ أَكَفَرْتَ بِالَّذِي خَلَقَكَ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ سَوَّاكَ رَجُلًا

    Элира цуьнга цуьнан /бусалба/ накъоста, ша цуьнга къамел деш волуш: 'Ахь керстаналла до ткъа хьо кхоьллинчунна поппарх‚ тӀаккха тӀадамах‚ тӀаккха хьо Ша нисвина волчу /онда/ стаг а хилла?

    18:37
  7. لَٰكِنَّا هُوَ اللَّهُ رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِرَبِّي أَحَدًا

    Делахь а, сайх лаьцна аьлча‚ Иза АллахӀ ву – сан Кхиош-Кхобург‚ сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост лоцур вац аса-м!

    18:38
  8. وَلَوْلَا إِذْ دَخَلْتَ جَنَّتَكَ قُلْتَ مَا شَاءَ اللَّهُ لَا قُوَّةَ إِلَّا بِاللَّهِ ۚ إِنْ تَرَنِ أَنَا أَقَلَّ مِنْكَ مَالًا وَوَلَدًا

    Хьуо хьайн беша вахча‚ ахь аьллехьара: 'МашаАллахӀ! Делаца бен ницкъ ма бац'. Хьуна со гуш велахь хьайл ледаро хьолаца а‚ доьзалшца а,

    18:39
  9. فَعَسَىٰ رَبِّي أَنْ يُؤْتِيَنِ خَيْرًا مِنْ جَنَّتِكَ وَيُرْسِلَ عَلَيْهَا حُسْبَانًا مِنَ السَّمَاءِ فَتُصْبِحَ صَعِيدًا زَلَقًا

    Сан Кхиош-кхобучо суна дала а мега хьан бешал а диканиг‚ доссадан цуьнан (хьан беша) тӀе стиглара хьесап – тӀаккха цунах шера а меттиг хуьлуш (лаьттаца дшарйина)‚

    18:40
  10. أَوْ يُصْبِحَ مَاؤُهَا غَوْرًا فَلَنْ تَسْتَطِيعَ لَهُ طَلَبًا

    Я цуьнан хи (лаьттах) дхудуш‚ хьан цкъа а ницкъ ца кхочур боцуш и карадан'

    18:41
  11. وَأُحِيطَ بِثَمَرِهِ فَأَصْبَحَ يُقَلِّبُ كَفَّيْهِ عَلَىٰ مَا أَنْفَقَ فِيهَا وَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا وَيَقُولُ يَا لَيْتَنِي لَمْ أُشْرِكْ بِرَبِّي أَحَدًا

    Гобира цуьнан стоьмех (хллакхиларо)‚ и волавелира шен куьйгаш вовшех детта, ша цунна (бешана) харж ярна‚ ткъа иза (беш) шен бух тӀехь еса йолуш. Цо олу: 'Ас ца лаьцна хиллехьара сайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьа а накъост!'

    18:42
  12. وَلَمْ تَكُنْ لَهُ فِئَةٌ يَنْصُرُونَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مُنْتَصِرًا

    Ца хилира цунна /гӀоьнчийн/ тоба, ша цунна гӀо деш Дала динчунна дуьхьал. И ша ца хилира шена гӀо далуш!

    18:43
  13. هُنَالِكَ الْوَلَايَةُ لِلَّهِ الْحَقِّ ۚ هُوَ خَيْرٌ ثَوَابًا وَخَيْرٌ عُقْبًا

    Цигахь гӀо – хьакъ волчу Делан ду. И ву дика верг мēла баларца а‚ дика верг /хаза/ тӀаьхье хилийтарца а

    18:44

Гочдар: Магомед Магомедов