Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 45 – 49
-
وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَاءٍ أَنْزَلْنَاهُ مِنَ السَّمَاءِ فَاخْتَلَطَ بِهِ نَبَاتُ الْأَرْضِ فَأَصْبَحَ هَشِيمًا تَذْرُوهُ الرِّيَاحُ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ مُقْتَدِرًا
Дāладе царна масална дуьненан дахар: Оха стиглара доссийна хи (дог) санна ду иза – цунах ийра лаьттан ораматаш. Тккха царах дакъаделла асарш хилира, шаьш мехаша дса а даржадеш. Хилира Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш
18:45 -
الْمَالُ وَالْبَنُونَ زِينَةُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَالْبَاقِيَاتُ الصَّالِحَاتُ خَيْرٌ عِنْدَ رَبِّكَ ثَوَابًا وَخَيْرٌ أَمَلًا
Бахам а‚ кӀентий а – дуьненан дахаран хазалла ю - бухадуьсуш долу диканаш тоьлу хьан Кхиош-Кхобучун гергахь мēлаца а‚ тоьлу догдахарца а
18:46 -
وَيَوْمَ نُسَيِّرُ الْجِبَالَ وَتَرَى الْأَرْضَ بَارِزَةً وَحَشَرْنَاهُمْ فَلَمْ نُغَادِرْ مِنْهُمْ أَحَدًا
Оха лаьмнаш дуьйладолуьйтучу (д-схьадаржочу) /къемат/ дийнахь‚ хьуна гур ду латта шарделла. Оха схьагулбийр бу уьш (берриге а)‚ бухавуьтур вац царах цхьа а
18:47 -
وَعُرِضُوا عَلَىٰ رَبِّكَ صَفًّا لَقَدْ جِئْتُمُونَا كَمَا خَلَقْنَاكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ بَلْ زَعَمْتُمْ أَلَّنْ نَجْعَلَ لَكُمْ مَوْعِدًا
Хьан Кхиош-Кхобучун хьалха дхӀиттор бу уьш могра: шу даьхкина Тхо долчу, Оха шу дуьххьара ма-кхоллара. Шуна-м моттара Оха шайна /Тхуна дуьхьалкхетаран/ хан юьллур яц‚ аьлла
18:48 -
وَوُضِعَ الْكِتَابُ فَتَرَى الْمُجْرِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا فِيهِ وَيَقُولُونَ يَا وَيْلَتَنَا مَالِ هَٰذَا الْكِتَابِ لَا يُغَادِرُ صَغِيرَةً وَلَا كَبِيرَةً إِلَّا أَحْصَاهَا ۚ وَوَجَدُوا مَا عَمِلُوا حَاضِرًا ۗ وَلَا يَظْلِمُ رَبُّكَ أَحَدًا
Охьадуьллур ду тептар (адамаша дуьненахь мел йина дика а. вон а мал дязйина долу) ‚ тӀаккха хьуна гур бу къинош динарш цу чохь долчух кхоьруш‚ шаьш олуш: 'Ма бāла бу вайна‚ хра х тептар ду? ХӀокхо -м буха ца дитина жиманиг а‚ я доккханиг а тергал ца деш!” Царна карийра шаьш /дуьненахь долуш/ динарг (шайна) хьалхадиллина. Зулам ца до хьан Кхиош-Кхобучо цхьанна а
18:49
Гочдар: Магомед Магомедов