Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 50 – 53

  1. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ كَانَ مِنَ الْجِنِّ فَفَسَقَ عَنْ أَمْرِ رَبِّهِ ۗ أَفَتَتَّخِذُونَهُ وَذُرِّيَّتَهُ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِي وَهُمْ لَكُمْ عَدُوٌّ ۚ بِئْسَ لِلظَّالِمِينَ بَدَلًا

    Дагадаийта! Оха ма аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, Иблис доцчо – и дара жинех‚ цо ла ца дуьйгра шен Кхиош-Кхобучун омране. Ткъа аш лоцу иза а‚ цуьнан зурриет а доттагӀий‚ Со а вуьтий‚ – уьш шуна мостагӀий ма-бу?! Ма вон бу-кх зуламхошна /шаьш бина/ хийцам!

    18:50
  2. مَا أَشْهَدْتُهُمْ خَلْقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَا خَلْقَ أَنْفُسِهِمْ وَمَا كُنْتُ مُتَّخِذَ الْمُضِلِّينَ عَضُدًا

    Ас уьш стигланаш а‚ латта а кхолларан а ‚ уьш шаьш кхолларан а‚ тешаш ца хӀиттийна. Со ца хилира /и Сан халкъ/ тилош берш гӀоьнчий лоцург а

    18:51
  3. وَيَوْمَ يَقُولُ نَادُوا شُرَكَائِيَ الَّذِينَ زَعَمْتُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ مَوْبِقًا

    Оцу /къемат/дийнахь Цо (Дала) эр ду: 'Кхайкха аш шаьш Сан накъостий бу‚ бохуш‚ чӀагӀбеш хиллачаьрга!' Уьш кхайкхира цаьрга. Цара оцарна жоп ца делира‚ Оха хилийтира царна юккъехь хӀаллакхилар (жоьжахати бахийтар)

    18:52
  4. وَرَأَى الْمُجْرِمُونَ النَّارَ فَظَنُّوا أَنَّهُمْ مُوَاقِعُوهَا وَلَمْ يَجِدُوا عَنْهَا مَصْرِفًا

    Гира къинош диначарна /жоьжахатин/ цӀе‚ царна хиира шаьш цу чу кхочур дуйла‚ ца карийра царна цунах дӀасахьовзийла

    18:53

Гочдар: Магомед Магомедов