Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 54 – 59

  1. وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ لِلنَّاسِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ أَكْثَرَ شَيْءٍ جَدَلًا

    Оха /къастош/ далийна хӀокху Къуръан чохь нахана массо а тайпа масал. Адам хилира вуно дукха хӀуманашца къуьйсуш

    18:54
  2. وَمَا مَنَعَ النَّاسَ أَنْ يُؤْمِنُوا إِذْ جَاءَهُمُ الْهُدَىٰ وَيَسْتَغْفِرُوا رَبَّهُمْ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمْ سُنَّةُ الْأَوَّلِينَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ قُبُلًا

    Цхьа а дуьхьало ца хилла нахана /Делах/ теша шайга нийса некъ беъча‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнга гечдар деха а – цаьрга хьалхалерачийн масал даро бен‚ я шайна хьалха Ӏазап хттаро бен

    18:55
  3. وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا مُبَشِّرِينَ وَمُنْذِرِينَ ۚ وَيُجَادِلُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالْبَاطِلِ لِيُدْحِضُوا بِهِ الْحَقَّ ۖ وَاتَّخَذُوا آيَاتِي وَمَا أُنْذِرُوا هُزُوًا

    Оха ца бохкуьйту элчанаш кхаъ боккхуш а‚ кхерам тосуш а бен. Цатешачара харцдолчуьнца къуьйсу бакъдерг кӀелдитархьама. Сан аяташ а‚ шайна кхерам теснарг а сийсазадеш тӀелаьцна цара

    18:56
  4. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ فَأَعْرَضَ عَنْهَا وَنَسِيَ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ ۚ إِنَّا جَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۖ وَإِنْ تَدْعُهُمْ إِلَى الْهُدَىٰ فَلَنْ يَهْتَدُوا إِذًا أَبَدًا

    Мила ву зуламе шена шен Кхиош-кхобучун аяташ хьехийна‚ тӀаккха царах юхаваьллачул‚ шен куьйгаша хьалхадаьккхинарг дицдийначул? Баккъалла а, Оха церан дегнаш чу гӀат диллина – тӀаккха уьш цунах (Къуръанах) ца кхета‚ церан лергаш чу /йиллина/ къоралла. Ахь уьш нийсачу новкъа кхайкхича а‚ цкъеллига цкъа а нислур бац уьш

    18:57
  5. وَرَبُّكَ الْغَفُورُ ذُو الرَّحْمَةِ ۖ لَوْ يُؤَاخِذُهُمْ بِمَا كَسَبُوا لَعَجَّلَ لَهُمُ الْعَذَابَ ۚ بَلْ لَهُمْ مَوْعِدٌ لَنْ يَجِدُوا مِنْ دُونِهِ مَوْئِلًا

    Хьан Кхиош-кхобург гечдийриг ву‚ /Шегахь/ къинхетам (боккха) болуш. Цара /дуьненахь/ карадинчуьнца Цо уьш /Ӏазапе я бāлане/ лоьцуш белахьара‚ царна Ӏазап сихдийр дара Цо. Царна тоьхна хан ю‚ Цунна тӀехбевла бовда меттиг цкъа а карор ма яц царна

    18:58
  6. وَتِلْكَ الْقُرَىٰ أَهْلَكْنَاهُمْ لَمَّا ظَلَمُوا وَجَعَلْنَا لِمَهْلِكِهِمْ مَوْعِدًا

    И ярташ - Оха хӀаллакйира уьш‚ цара зулам дича‚ уьш хӀаллакбарна хан йиллира Оха

    18:59

Гочдар: Магомед Магомедов