Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 60 – 70
-
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِفَتَاهُ لَا أَبْرَحُ حَتَّىٰ أَبْلُغَ مَجْمَعَ الْبَحْرَيْنِ أَوْ أَمْضِيَ حُقُبًا
Дагадаийта! Мусас аьллера шен къонахе: 'Со соцур вац ши хӀорд вовшахкхетачу меттиге кхаччалц‚ я лелар ву еххачу заманахь'
18:60 -
فَلَمَّا بَلَغَا مَجْمَعَ بَيْنِهِمَا نَسِيَا حُوتَهُمَا فَاتَّخَذَ سَبِيلَهُ فِي الْبَحْرِ سَرَبًا
И шиъ /хӀорд/ вовшахкхетачу меттиге кхаьчча‚ царна шайн чӀара бицбелира‚ ткъа цо /лаьттахула/ Ӏуьрг доккхуш шен некъ хӀорда чу биллира
18:61 -
فَلَمَّا جَاوَزَا قَالَ لِفَتَاهُ آتِنَا غَدَاءَنَا لَقَدْ لَقِينَا مِنْ سَفَرِنَا هَٰذَا نَصَبًا
ТӀаккха шаьш - шиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: 'Схьало вайна вайн кхача. Вайна дуьхьалкхийти хӀокху вайн некъах хало'
18:62 -
قَالَ أَرَأَيْتَ إِذْ أَوَيْنَا إِلَى الصَّخْرَةِ فَإِنِّي نَسِيتُ الْحُوتَ وَمَا أَنْسَانِيهُ إِلَّا الشَّيْطَانُ أَنْ أَذْكُرَهُ ۚ وَاتَّخَذَ سَبِيلَهُ فِي الْبَحْرِ عَجَبًا
Цо (Мусаца хиллачу кӀанта) элира: 'Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чӀара‚ шайтӀано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хӀорда чу биллира'
18:63 -
قَالَ ذَٰلِكَ مَا كُنَّا نَبْغِ ۚ فَارْتَدَّا عَلَىٰ آثَارِهِمَا قَصَصًا
Цо (Мусас) элира: 'И дара вайна дезаш хилларг'. ТӀаккха и шиъ шайн тачча (лорах) юхабирзира
18:64 -
فَوَجَدَا عَبْدًا مِنْ عِبَادِنَا آتَيْنَاهُ رَحْمَةً مِنْ عِنْدِنَا وَعَلَّمْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا عِلْمًا
Царна шинна карийра Тхан лейх цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Ӏилма Ӏамийна волу
18:65 -
قَالَ لَهُ مُوسَىٰ هَلْ أَتَّبِعُكَ عَلَىٰ أَنْ تُعَلِّمَنِ مِمَّا عُلِّمْتَ رُشْدًا
Мусас цуьнга элира: 'Хьуна тӀаьхьахӀуттий со‚ ахь суна Ӏаморхьама хьайна Ӏамийначух кӀорггера бакъдерг?'
18:66 -
قَالَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا
Цо (Хизрас) элира: 'Хьуна маггане а могур дац соьца собар дан
18:67 -
وَكَيْفَ تَصْبِرُ عَلَىٰ مَا لَمْ تُحِطْ بِهِ خُبْرًا
Муха дийр ду ахь собар‚ хьайна шех хаар доцчуьнца'
18:68 -
قَالَ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ صَابِرًا وَلَا أَعْصِي لَكَ أَمْرًا
Цо (Мусас) элира: 'Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Ӏеса хир вац со омра кхочушдарца'
18:69 -
قَالَ فَإِنِ اتَّبَعْتَنِي فَلَا تَسْأَلْنِي عَنْ شَيْءٍ حَتَّىٰ أُحْدِثَ لَكَ مِنْهُ ذِكْرًا
Цо элира: 'Хьо суна тӀаьхьахӀоттахь‚ соьга ма хатталахь цхьана а хӀуманах лаций‚ ас хьуна шех дерг ддийццалц'
18:70
Гочдар: Магомед Магомедов