Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 62 – 82

  1. فَلَمَّا جَاوَزَا قَالَ لِفَتَاهُ آتِنَا غَدَاءَنَا لَقَدْ لَقِينَا مِنْ سَفَرِنَا هَٰذَا نَصَبًا

    ТӀаккха шаьш - шиъ /оцу меттигах/ чекхваьлча‚ цо элира шен къонахе: 'Схьало вайна вайн кхача. Вайна дуьхьалкхийти хӀокху вайн некъах хало'

    18:62
  2. قَالَ أَرَأَيْتَ إِذْ أَوَيْنَا إِلَى الصَّخْرَةِ فَإِنِّي نَسِيتُ الْحُوتَ وَمَا أَنْسَانِيهُ إِلَّا الشَّيْطَانُ أَنْ أَذْكُرَهُ ۚ وَاتَّخَذَ سَبِيلَهُ فِي الْبَحْرِ عَجَبًا

    Цо (Мусаца хиллачу кӀанта) элира: 'Хьажахь! Вай чара йолчу дирзича, суна бицбелира чӀара‚ шайтӀано а бен суна и биц ца балийти‚ суна и дага ца бойтуш‚ ткъа цо шен некъ цхьа тамаше кепара хӀорда чу биллира'

    18:63
  3. قَالَ ذَٰلِكَ مَا كُنَّا نَبْغِ ۚ فَارْتَدَّا عَلَىٰ آثَارِهِمَا قَصَصًا

    Цо (Мусас) элира: 'И дара вайна дезаш хилларг'. ТӀаккха и шиъ шайн тачча (лорах) юхабирзира

    18:64
  4. فَوَجَدَا عَبْدًا مِنْ عِبَادِنَا آتَيْنَاهُ رَحْمَةً مِنْ عِنْدِنَا وَعَلَّمْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا عِلْمًا

    Царна шинна карийра Тхан лейх цхьа лай‚ Оха шена Тхан гергара къинхетам белла волу‚ Оха шена Тхайгара Ӏилма Ӏамийна волу

    18:65
  5. قَالَ لَهُ مُوسَىٰ هَلْ أَتَّبِعُكَ عَلَىٰ أَنْ تُعَلِّمَنِ مِمَّا عُلِّمْتَ رُشْدًا

    Мусас цуьнга элира: 'Хьуна тӀаьхьахӀуттий со‚ ахь суна Ӏаморхьама хьайна Ӏамийначух кӀорггера бакъдерг?'

    18:66
  6. قَالَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо (Хизрас) элира: 'Хьуна маггане а могур дац соьца собар дан

    18:67
  7. وَكَيْفَ تَصْبِرُ عَلَىٰ مَا لَمْ تُحِطْ بِهِ خُبْرًا

    Муха дийр ду ахь собар‚ хьайна шех хаар доцчуьнца'

    18:68
  8. قَالَ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ صَابِرًا وَلَا أَعْصِي لَكَ أَمْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Хьуна карор ву со‚ Дала мукъалахь‚ собар деш‚ хьуна Ӏеса хир вац со омра кхочушдарца'

    18:69
  9. قَالَ فَإِنِ اتَّبَعْتَنِي فَلَا تَسْأَلْنِي عَنْ شَيْءٍ حَتَّىٰ أُحْدِثَ لَكَ مِنْهُ ذِكْرًا

    Цо элира: 'Хьо суна тӀаьхьахӀоттахь‚ соьга ма хатталахь цхьана а хӀуманах лаций‚ ас хьуна шех дерг ддийццалц'

    18:70
  10. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا رَكِبَا فِي السَّفِينَةِ خَرَقَهَا ۖ قَالَ أَخَرَقْتَهَا لِتُغْرِقَ أَهْلَهَا لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا إِمْرًا

    ТӀаккха и шиъ дӀаволавелира кеманна тӀехаъалц – цо цунна Ӏуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: 'Ӏуьрг даьккхи ахь цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа ирча хӀума ма ди ахь!'

    18:71
  11. قَالَ أَلَمْ أَقُلْ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо элира: 'Ас ца элира: хьуна маггане а могур дац соьца цхьана собар дан'

    18:72
  12. قَالَ لَا تُؤَاخِذْنِي بِمَا نَسِيتُ وَلَا تُرْهِقْنِي مِنْ أَمْرِي عُسْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Ахь суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гӀуллакхах'

    18:73
  13. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا لَقِيَا غُلَامًا فَقَتَلَهُ قَالَ أَقَتَلْتَ نَفْسًا زَكِيَّةً بِغَيْرِ نَفْسٍ لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا نُكْرًا

    ТӀаккха и шиъ дӀаволавелира цхьана кӀантана дуьхьалкхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: '/Ванах/ ахь цӀена са дий-кх, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хӀума дий-кх ахь!'

    18:74
  14. قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا

    Цо элира: 'Ас ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?'

    18:75
  15. قَالَ إِنْ سَأَلْتُكَ عَنْ شَيْءٍ بَعْدَهَا فَلَا تُصَاحِبْنِي ۖ قَدْ بَلَغْتَ مِنْ لَدُنِّي عُذْرًا

    Цо (Мусас) элира: 'Нагахь санна ас хьоьга хӀума хаттахь хӀокхул тӀаьхьа, – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна'

    18:76
  16. فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا أَتَيَا أَهْلَ قَرْيَةٍ اسْتَطْعَمَا أَهْلَهَا فَأَبَوْا أَنْ يُضَيِّفُوهُمَا فَوَجَدَا فِيهَا جِدَارًا يُرِيدُ أَنْ يَنْقَضَّ فَأَقَامَهُ ۖ قَالَ لَوْ شِئْتَ لَاتَّخَذْتَ عَلَيْهِ أَجْرًا

    ТӀаккха и шиъ дӀаволавелира цхьана юьртан нахана тӀекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хӀума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шинна хьошалла дан. Цу шинна карийра цу чохь йожа йоллуш керт – цо (Хизрас) иза ирахӀоттийра. Элира /Мусас/: 'Хьайна лиънехь, цунах мах оьцур бара ахь'

    18:77
  17. قَالَ هَٰذَا فِرَاقُ بَيْنِي وَبَيْنِكَ ۚ سَأُنَبِّئُكَ بِتَأْوِيلِ مَا لَمْ تَسْتَطِعْ عَلَيْهِ صَبْرًا

    Цо элира: 'Хра суна а‚ хьуна а юккъехь дкъастар ду. Ас достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг:

    18:78
  18. أَمَّا السَّفِينَةُ فَكَانَتْ لِمَسَاكِينَ يَعْمَلُونَ فِي الْبَحْرِ فَأَرَدْتُ أَنْ أَعِيبَهَا وَكَانَ وَرَاءَهُمْ مَلِكٌ يَأْخُذُ كُلَّ سَفِينَةٍ غَصْبًا

    Амма кема – хӀорда чохь болх беш болчу мискачу нехан дара иза. Суна лиира иза дохо – царна тӀехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо а /дика/ кема схьадоккхуш ницкъица

    18:79
  19. وَأَمَّا الْغُلَامُ فَكَانَ أَبَوَاهُ مُؤْمِنَيْنِ فَخَشِينَا أَنْ يُرْهِقَهُمَا طُغْيَانًا وَكُفْرًا

    Ткъа кӀант – цуьнан да-нана муъмин нах бара‚ тхо кхоьрура цо царна халахетийтарна /Делан/ дозанех валарца а‚ /Далла/ керста хиларца а

    18:80
  20. فَأَرَدْنَا أَنْ يُبْدِلَهُمَا رَبُّهُمَا خَيْرًا مِنْهُ زَكَاةً وَأَقْرَبَ رُحْمًا

    Тхуна лиира церан Кхиош-кхобучо цу шинна, хийцина‚ цул диканиг /доьзалхо/ лойла‚ цӀена волуш‚ къинхетамца мелхо а герга волуш

    18:81
  21. وَأَمَّا الْجِدَارُ فَكَانَ لِغُلَامَيْنِ يَتِيمَيْنِ فِي الْمَدِينَةِ وَكَانَ تَحْتَهُ كَنْزٌ لَهُمَا وَكَانَ أَبُوهُمَا صَالِحًا فَأَرَادَ رَبُّكَ أَنْ يَبْلُغَا أَشُدَّهُمَا وَيَسْتَخْرِجَا كَنْزَهُمَا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ وَمَا فَعَلْتُهُ عَنْ أَمْرِي ۚ ذَٰلِكَ تَأْوِيلُ مَا لَمْ تَسْطِعْ عَلَيْهِ صَبْرًا

    Ткъа керт‚ и яра гӀалахь шинна кӀентан – боберийн‚ цунна бухахь цу шиннан хазна яра. Цу шиннан да вара дика Ӏамал йолуш стаг. Хьан Кхиош-кхобучунна лиира и шиъ гметтахттийта‚ цаьрга шайн хазна схьаяккхийта хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетамца. Иза ас ца дина сан гӀуллакхаца. И ду хьуна шена тӀехь собар дан ца мегначун тидар'

    18:82

Гочдар: Магомед Магомедов