Сурат 18 Аль-кахIф (Нокхе), аят 71 – 79
-
فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا رَكِبَا فِي السَّفِينَةِ خَرَقَهَا ۖ قَالَ أَخَرَقْتَهَا لِتُغْرِقَ أَهْلَهَا لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا إِمْرًا
ТIаккха и шиъ дIаволавелира кеманна тIехаъалц – цо цунна Iуьрг даьккхира. Цо (Мусас) элира: 'Iуьрг даьккхи ахь цуьнан нах бухабахийтархьама‚ цхьа ирча хIума ма ди ахь!'
18:71 -
قَالَ أَلَمْ أَقُلْ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا
Цо элира: 'Ас ца элира: хьуна маггане а могур дац соьца цхьана собар дан'
18:72 -
قَالَ لَا تُؤَاخِذْنِي بِمَا نَسِيتُ وَلَا تُرْهِقْنِي مِنْ أَمْرِي عُسْرًا
Цо (Мусас) элира: 'Ахь суна бехк ма билла со вицваларна‚ хало ма е суна /кху/ сан гIуллакхах'
18:73 -
فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا لَقِيَا غُلَامًا فَقَتَلَهُ قَالَ أَقَتَلْتَ نَفْسًا زَكِيَّةً بِغَيْرِ نَفْسٍ لَقَدْ جِئْتَ شَيْئًا نُكْرًا
ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана кIантана дуьхьалкхетталц – цо и вийра. /Мусас/ элира: '/Ванах/ ахь цIена са дий-кх, сина дуьхьал а доцуш! Ма вон хIума дий-кх ахь!'
18:74 -
قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكَ إِنَّكَ لَنْ تَسْتَطِيعَ مَعِيَ صَبْرًا
Цо элира: 'Ас ца аьллера хьоьга: хьуна данне а соьца собар далур дац‚ аьлла?'
18:75 -
قَالَ إِنْ سَأَلْتُكَ عَنْ شَيْءٍ بَعْدَهَا فَلَا تُصَاحِبْنِي ۖ قَدْ بَلَغْتَ مِنْ لَدُنِّي عُذْرًا
Цо (Мусас) элира: 'Нагахь санна ас хьоьга хIума хаттахь хIокхул тIаьхьа, – суна накъосталла ма де: соьгара бехказло ю хьуна'
18:76 -
فَانْطَلَقَا حَتَّىٰ إِذَا أَتَيَا أَهْلَ قَرْيَةٍ اسْتَطْعَمَا أَهْلَهَا فَأَبَوْا أَنْ يُضَيِّفُوهُمَا فَوَجَدَا فِيهَا جِدَارًا يُرِيدُ أَنْ يَنْقَضَّ فَأَقَامَهُ ۖ قَالَ لَوْ شِئْتَ لَاتَّخَذْتَ عَلَيْهِ أَجْرًا
ТIаккха и шиъ дIаволавелира цхьана юьртан нахана тIекхаччалц. Цара цуьнан нахе даа хIума дийхира, ткъа цара дуьхьало йира цу шинна хьошалла дан. Цу шинна карийра цу чохь йожа йоллуш керт – цо (Хизрас) иза ирахIоттийра. Элира /Мусас/: 'Хьайна лиънехь, цунах мах оьцур бара ахь'
18:77 -
قَالَ هَٰذَا فِرَاقُ بَيْنِي وَبَيْنِكَ ۚ سَأُنَبِّئُكَ بِتَأْوِيلِ مَا لَمْ تَسْتَطِعْ عَلَيْهِ صَبْرًا
Цо элира: 'Хра суна а‚ хьуна а юккъехь дкъастар ду. Ас достур ду хьуна шеца собар дан ца мегнарг:
18:78 -
أَمَّا السَّفِينَةُ فَكَانَتْ لِمَسَاكِينَ يَعْمَلُونَ فِي الْبَحْرِ فَأَرَدْتُ أَنْ أَعِيبَهَا وَكَانَ وَرَاءَهُمْ مَلِكٌ يَأْخُذُ كُلَّ سَفِينَةٍ غَصْبًا
Амма кема – хIорда чохь болх беш болчу мискачу нехан дара иза. Суна лиира иза дохо – царна тIехьахь лаьтташ вара паччахь‚ массо а /дика/ кема схьадоккхуш ницкъица
18:79
Гочдар: Магомед Магомедов