Сурат 18 Аль-кахӀф (Нокхе), аят 83 – 101

  1. وَيَسْأَلُونَكَ عَنْ ذِي الْقَرْنَيْنِ ۖ قُلْ سَأَتْلُو عَلَيْكُمْ مِنْهُ ذِكْرًا

    Цара хьоьга хоьтту Ши маӀа йолчух лаьцна. Ахь āла: 'Ас дуьйцур ду шуна цунах лаьцна хабар'

    18:83
  2. إِنَّا مَكَّنَّا لَهُ فِي الْأَرْضِ وَآتَيْنَاهُ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ سَبَبًا

    Баккъалла а, Оха чӀагӀвира иза лаьттахь‚ белира цунна /шен лааме кхача/ массо а хӀуманан некъ (ницкъ)

    18:84
  3. فَأَتْبَعَ سَبَبًا

    Цхьана новкъа хӀоьттира иза

    18:85
  4. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ مَغْرِبَ الشَّمْسِ وَجَدَهَا تَغْرُبُ فِي عَيْنٍ حَمِئَةٍ وَوَجَدَ عِنْدَهَا قَوْمًا ۗ قُلْنَا يَا ذَا الْقَرْنَيْنِ إِمَّا أَنْ تُعَذِّبَ وَإِمَّا أَنْ تَتَّخِذَ فِيهِمْ حُسْنًا

    Малхбузе кхаьчча‚ цунна карийра и дӀабузуш ьржа поппар болуш /довха/ шовда долчу меттигехь‚ цуьнан уллохь цхьа нах карийра цунна. Оха элира: 'ХӀай Ши маӀа ерг! Я Ӏазап дийр ду ахь‚ я ахь цаьргахь диканиг дийр ду'

    18:86
  5. قَالَ أَمَّا مَنْ ظَلَمَ فَسَوْفَ نُعَذِّبُهُ ثُمَّ يُرَدُّ إِلَىٰ رَبِّهِ فَيُعَذِّبُهُ عَذَابًا نُكْرًا

    Цо элира: 'Ткъа зулам динарг милла велахь, – тӀаьхьа цунна Ӏазап дийр ду оха. ТӀаккха шен Кхиош-кхобучунна тӀеверзор ву иза – Цо Ӏазап дийр ду цунна, ирча Ӏазап

    18:87
  6. وَأَمَّا مَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَهُ جَزَاءً الْحُسْنَىٰ ۖ وَسَنَقُولُ لَهُ مِنْ أَمْرِنَا يُسْرًا

    Ткъа ийман диллинарг а‚ дика Ӏамал йинарг а – царна хаза бекхам бу. Оха цуьнга эр ду тхан омрах атта дерг'

    18:88
  7. ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

    ТӀаккха цхьана /кхечу/ новкъа хӀоьттира иза

    18:89
  8. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ مَطْلِعَ الشَّمْسِ وَجَدَهَا تَطْلُعُ عَلَىٰ قَوْمٍ لَمْ نَجْعَلْ لَهُمْ مِنْ دُونِهَا سِتْرًا

    Малх схьакхетачу меттиге кхаьчча‚ цунна карийра и схьакхеташ цхьана нахана‚ Оха шайна цуьнан (маьлхан) дуьхьал цхьа а хьулам ца бинчу

    18:90
  9. كَذَٰلِكَ وَقَدْ أَحَطْنَا بِمَا لَدَيْهِ خُبْرًا

    Иштта дӀалецира Оха цуьнгахь дерг хаарца

    18:91
  10. ثُمَّ أَتْبَعَ سَبَبًا

    ТӀаккха цхьана /кхечу/ новкъа хӀоьттира иза

    18:92
  11. حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ بَيْنَ السَّدَّيْنِ وَجَدَ مِنْ دُونِهِمَا قَوْمًا لَا يَكَادُونَ يَفْقَهُونَ قَوْلًا

    Шина /лаьмнийн/ дуьхьалонан юккъе кхаьчча‚ цунна карийра царна бухахь /Зул-Къарнайн цхьана а/ дашах кхеташ боцу нах

    18:93
  12. قَالُوا يَا ذَا الْقَرْنَيْنِ إِنَّ يَأْجُوجَ وَمَأْجُوجَ مُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ فَهَلْ نَجْعَلُ لَكَ خَرْجًا عَلَىٰ أَنْ تَجْعَلَ بَيْنَنَا وَبَيْنَهُمْ سَدًّا

    Цара элира: 'ХӀай ШимаӀаерг! Баккъалла а, Яъжуж а‚ Маъжуж а боьханиг даржош бу лаьттахь. Оха хьуна харж йой‚ ахь тхуна а‚ царна а юккъехь дуьхьало йийриг?'

    18:94
  13. قَالَ مَا مَكَّنِّي فِيهِ رَبِّي خَيْرٌ فَأَعِينُونِي بِقُوَّةٍ أَجْعَلْ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ رَدْمًا

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобучо со шена чохь чӀагӀвинарг дика ду. Суна ницкъица гӀо де‚ ер ас шуна а‚ царна а юккъехь чӀагӀо

    18:95
  14. آتُونِي زُبَرَ الْحَدِيدِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا سَاوَىٰ بَيْنَ الصَّدَفَيْنِ قَالَ انْفُخُوا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَعَلَهُ نَارًا قَالَ آتُونِي أُفْرِغْ عَلَيْهِ قِطْرًا

    Ло суна эчиган кийсикаш'. Ша уьш шинна ламанан йистошкахь нисйича‚ цо элира: '/ЦӀе/ марсаяккха!' Цо цунах цӀе хилийтича‚ элира: 'Схьало соьга‚ ас цунна тӀе лалийна эчиг дуттур'

    18:96
  15. فَمَا اسْطَاعُوا أَنْ يَظْهَرُوهُ وَمَا اسْتَطَاعُوا لَهُ نَقْبًا

    Ца мегира царна цунна тӀе бовла а‚ ца мегира царна цунна Ӏуьрг даккха а

    18:97
  16. قَالَ هَٰذَا رَحْمَةٌ مِنْ رَبِّي ۖ فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ رَبِّي جَعَلَهُ دَكَّاءَ ۖ وَكَانَ وَعْدُ رَبِّي حَقًّا

    Цо элира: 'ХӀара сан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам бу. Сан Кхиош-кхобучун ваӀда еъча‚ Цо лаьттаца нисйийр ю иза. Сан Кхиош-кхобучун ваӀда хьакъ-бакъ хилла'

    18:98
  17. وَتَرَكْنَا بَعْضَهُمْ يَوْمَئِذٍ يَمُوجُ فِي بَعْضٍ ۖ وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَجَمَعْنَاهُمْ جَمْعًا

    Оха буьтур бу уьш оцу /къемат/ дийнахь цхьаберш вукхарна тӀе бетталуш. Сур локхур ю‚ Оха уьш гулбийр бу берриге а

    18:99
  18. وَعَرَضْنَا جَهَنَّمَ يَوْمَئِذٍ لِلْكَافِرِينَ عَرْضًا

    Хьалхаюьллур ю Оха оцу дийнахь цатешачарна жоьжахати шуьйрра

    18:100
  19. الَّذِينَ كَانَتْ أَعْيُنُهُمْ فِي غِطَاءٍ عَنْ ذِكْرِي وَكَانُوا لَا يَسْتَطِيعُونَ سَمْعًا

    Уьш бара шайн бӀаьргашна дуьхьал парду долуш Со хьехорх /уьш духатухуш/‚ уьш бара ладогӀа ца могуш

    18:101

Гочдар: Магомед Магомедов