Сурат 19 Марйам, аят 1 – 15

  1. كهيعص

    Каф-хӀа-йа-Ӏайн-сод

    19:1
  2. ذِكْرُ رَحْمَتِ رَبِّكَ عَبْدَهُ زَكَرِيَّا

    Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хӀара/

    19:2
  3. إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ نِدَاءً خَفِيًّا

    Хьахаде! Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлаха кхайкхарца

    19:3
  4. قَالَ رَبِّ إِنِّي وَهَنَ الْعَظْمُ مِنِّي وَاشْتَعَلَ الرَّأْسُ شَيْبًا وَلَمْ أَكُنْ بِدُعَائِكَ رَبِّ شَقِيًّا

    Элира: 'Сан Кхиош-кхобург (сан везан Дела)! Баккъалла, сан даьӀахкийн гра дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доӀина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хӀинца а)

    19:4
  5. وَإِنِّي خِفْتُ الْمَوَالِيَ مِنْ وَرَائِي وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا فَهَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ وَلِيًّا

    Со кхоьру сол тӀаьхьа буьсучу сан гергарчарах /цара Хьан дин дӀатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо

    19:5
  6. يَرِثُنِي وَيَرِثُ مِنْ آلِ يَعْقُوبَ ۖ وَاجْعَلْهُ رَبِّ رَضِيًّا

    Сан ирс оьцур цо‚ ЯӀкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш'

    19:6
  7. يَا زَكَرِيَّا إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ اسْمُهُ يَحْيَىٰ لَمْ نَجْعَلْ لَهُ مِنْ قَبْلُ سَمِيًّا

    'ХӀай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кӀантаца‚ шен цӀе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цӀе ерг'

    19:7
  8. قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا وَقَدْ بَلَغْتُ مِنَ الْكِبَرِ عِتِيًّا

    Цо элира: 'Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кӀант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тишвелла'

    19:8
  9. قَالَ كَذَٰلِكَ قَالَ رَبُّكَ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ وَقَدْ خَلَقْتُكَ مِنْ قَبْلُ وَلَمْ تَكُ شَيْئًا

    /Делан малико/ элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Ас хьалха‚ хьо хӀумма а ма яцара'

    19:9
  10. قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۚ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَ لَيَالٍ سَوِيًّا

    Цо (Закарийас) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!' Элира: 'Хьуна билгало ю-кх ахь нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар цадийцар'

    19:10
  11. فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ مِنَ الْمِحْرَابِ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ أَنْ سَبِّحُوا بُكْرَةً وَعَشِيًّا

    ТӀаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: 'Тасбахь делаш /Далла/ Ӏуьйранца а‚ суьйранца а'‚ аьлла

    19:11
  12. يَا يَحْيَىٰ خُذِ الْكِتَابَ بِقُوَّةٍ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْحُكْمَ صَبِيًّا

    /Дала элира/: 'ХӀай Яхья! Схьаэца жайна ницкъица!' Оха делира цуьнга хьукам и жима кӀант волуш

    19:12
  13. وَحَنَانًا مِنْ لَدُنَّا وَزَكَاةً ۖ وَكَانَ تَقِيًّا

    Тхоьгара къахетар а‚ цӀеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,

    19:13
  14. وَبَرًّا بِوَالِدَيْهِ وَلَمْ يَكُنْ جَبَّارًا عَصِيًّا

    Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Ӏеса верг а

    19:14
  15. وَسَلَامٌ عَلَيْهِ يَوْمَ وُلِدَ وَيَوْمَ يَمُوتُ وَيَوْمَ يُبْعَثُ حَيًّا

    Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гӀаттийна/ денвийр волчу дийнахь а

    19:15

Гочдар: Магомед Магомедов