Сурат 19 Марйам, аят 16 – 21

  1. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مَرْيَمَ إِذِ انْتَبَذَتْ مِنْ أَهْلِهَا مَكَانًا شَرْقِيًّا

    Ахь хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге

    19:16
  2. فَاتَّخَذَتْ مِنْ دُونِهِمْ حِجَابًا فَأَرْسَلْنَا إِلَيْهَا رُوحَنَا فَتَمَثَّلَ لَهَا بَشَرًا سَوِيًّا

    ТӀаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тӀе Тхан Са‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах

    19:17
  3. قَالَتْ إِنِّي أَعُوذُ بِالرَّحْمَٰنِ مِنْكَ إِنْ كُنْتَ تَقِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь'

    19:18
  4. قَالَ إِنَّمَا أَنَا رَسُولُ رَبِّكِ لِأَهَبَ لَكِ غُلَامًا زَكِيًّا

    Цо (Джабраил малико) элира: 'Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цӀена кӀант вала веана'

    19:19
  5. قَالَتْ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ وَلَمْ أَكُ بَغِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Мичара хир ву суна кӀант! Сох адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла'

    19:20
  6. قَالَ كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ ۖ وَلِنَجْعَلَهُ آيَةً لِلنَّاسِ وَرَحْمَةً مِنَّا ۚ وَكَانَ أَمْرًا مَقْضِيًّا

    Цо элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И суна атта ду'. И (Ӏиса пайхамар дуьненчу вāлар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГӀуллакх кхочушхилла'

    19:21

Гочдар: Магомед Магомедов