Сурат 19 Марйам, аят 16 – 40

  1. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مَرْيَمَ إِذِ انْتَبَذَتْ مِنْ أَهْلِهَا مَكَانًا شَرْقِيًّا

    Ахь хьахае жайна чохь Марьям. Жимма генаелира иза шен нахах малхбалечу меттиге

    19:16
  2. فَاتَّخَذَتْ مِنْ دُونِهِمْ حِجَابًا فَأَرْسَلْنَا إِلَيْهَا رُوحَنَا فَتَمَثَّلَ لَهَا بَشَرًا سَوِيًّا

    ТӀаккха цо лецира шена царна дуьхьал пардо. Оха дахийтира цунна тӀе Тхан Са‚ и тарделира цунна нийса долчу адамах

    19:17
  3. قَالَتْ إِنِّي أَعُوذُ بِالرَّحْمَٰنِ مِنْكَ إِنْ كُنْتَ تَقِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Со Къинхетам болчуьнца /Делаца) ларло хьох‚ хьо /Делах/ кхоьруш хиллехь'

    19:18
  4. قَالَ إِنَّمَا أَنَا رَسُولُ رَبِّكِ لِأَهَبَ لَكِ غُلَامًا زَكِيًّا

    Цо (Джабраил малико) элира: 'Со хьан Кхиош-кхобучун элча ву‚ хьуна цӀена кӀант вала веана'

    19:19
  5. قَالَتْ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ وَلَمْ أَكُ بَغِيًّا

    Цо (Марьяма) элира: 'Мичара хир ву суна кӀант! Сох адам а хьакха ца делла‚ со нахаца лелаш а ца хилла'

    19:20
  6. قَالَ كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ ۖ وَلِنَجْعَلَهُ آيَةً لِلنَّاسِ وَرَحْمَةً مِنَّا ۚ وَكَانَ أَمْرًا مَقْضِيًّا

    Цо элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И суна атта ду'. И (Ӏиса пайхамар дуьненчу вāлар) хуьлуьйтур ду Оха нахана делил а‚ Тхайгара къинхетам а. ГӀуллакх кхочушхилла'

    19:21
  7. فَحَمَلَتْهُ فَانْتَبَذَتْ بِهِ مَكَانًا قَصِيًّا

    И цунах берах йисира‚ тӀаккха и цуьнца генаелира генарчу меттиге

    19:22
  8. فَأَجَاءَهَا الْمَخَاضُ إِلَىٰ جِذْعِ النَّخْلَةِ قَالَتْ يَا لَيْتَنِي مِتُّ قَبْلَ هَٰذَا وَكُنْتُ نَسْيًا مَنْسِيًّا

    Бер деш лазар дāро и ялийра хурман диттан гӀад долчу‚ цо элира: 'Елла елахьара со хӀокхул хьалха, – йицъелла яьлла хир яра со!'

    19:23
  9. فَنَادَاهَا مِنْ تَحْتِهَا أَلَّا تَحْزَنِي قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّا

    Цо (Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурман дитта) кӀелара: 'ГӀайгӀане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина

    19:24
  10. وَهُزِّي إِلَيْكِ بِجِذْعِ النَّخْلَةِ تُسَاقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًا جَنِيًّا

    ДӀасаластаде хьайна хурман диттан гӀад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тӀеда хурманаш

    19:25
  11. فَكُلِي وَاشْرَبِي وَقَرِّي عَيْنًا ۖ فَإِمَّا تَرَيِنَّ مِنَ الْبَشَرِ أَحَدًا فَقُولِي إِنِّي نَذَرْتُ لِلرَّحْمَٰنِ صَوْمًا فَلَنْ أُكَلِّمَ الْيَوْمَ إِنْسِيًّا

    Даа‚ мала‚ йоккхае (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ āла: 'Со Къинхетам болчунна (Дала) марха лаца ваӀда йина ю‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме '

    19:26
  12. فَأَتَتْ بِهِ قَوْمَهَا تَحْمِلُهُ ۖ قَالُوا يَا مَرْيَمُ لَقَدْ جِئْتِ شَيْئًا فَرِيًّا

    ТӀаккха и яхара цуьнца (бераца Ӏийсаца) шен нах болчу‚ ша и хьош /шен карахь/‚ цара элира: 'ХӀай Марьям‚ ма тамаше хӀума деана ахь!'

    19:27
  13. يَا أُخْتَ هَارُونَ مَا كَانَ أَبُوكِ امْرَأَ سَوْءٍ وَمَا كَانَتْ أُمُّكِ بَغِيًّا

    'ХӀай ХӀарунан йиша! Хьан да ма ца хилла вон стаг‚ хьан нана а ма ца хилла нахаца лелаш'

    19:28
  14. فَأَشَارَتْ إِلَيْهِ ۖ قَالُوا كَيْفَ نُكَلِّمُ مَنْ كَانَ فِي الْمَهْدِ صَبِيًّا

    Цо (Марьямо) цуьнгахьа (шен кӀант Ӏийсагахьа) ишар йира. Цара элира: 'Тхо муха дист хуьлу ша аганчохь долчу бере?'

    19:29
  15. قَالَ إِنِّي عَبْدُ اللَّهِ آتَانِيَ الْكِتَابَ وَجَعَلَنِي نَبِيًّا

    Цо (жимчу берас-Ӏийсас) элира: 'Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо сох пайхамар хилийтина

    19:30
  16. وَجَعَلَنِي مُبَارَكًا أَيْنَ مَا كُنْتُ وَأَوْصَانِي بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ مَا دُمْتُ حَيًّا

    Цо со беркате хилийтина со миччахь велахь а. Суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а, со дийна мел лаьтта,

    19:31
  17. وَبَرًّا بِوَالِدَتِي وَلَمْ يَجْعَلْنِي جَبَّارًا شَقِيًّا

    Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а

    19:32
  18. وَالسَّلَامُ عَلَيَّ يَوْمَ وُلِدْتُ وَيَوْمَ أَمُوتُ وَيَوْمَ أُبْعَثُ حَيًّا

    Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гӀаттийна/ денвийр волчу дийнахь!'

    19:33
  19. ذَٰلِكَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ ۚ قَوْلَ الْحَقِّ الَّذِي فِيهِ يَمْتَرُونَ

    Иза ву Ӏийса‚ Марьяман кӀант – бакъонан дош‚ цара шена чохь шеко еш долу

    19:34
  20. مَا كَانَ لِلَّهِ أَنْ يَتَّخِذَ مِنْ وَلَدٍ ۖ سُبْحَانَهُ ۚ إِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Далла ца хилла /там болуш/ цхьа а доьзалхо лāца. Вонах цӀена ву Иза. Ша цхьа гӀуллакх кхочушдеш‚ Цо цуьнга олу: 'Хила!' – иза хуьлу

    19:35
  21. وَإِنَّ اللَّهَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    ' Баккъалла а, АллахӀ – Дела сан Кхиош-кхобург ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Ӏибадат дейша. ХӀара бу нийса некъ'

    19:36
  22. فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِنْ بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ مَشْهَدِ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Оцарах тобаний юккъехь хилпалонаш хилира: бāла бу ца тешаш хиллачарна деза-доккхачу /къемат/ дийнахь гур долчух

    19:37
  23. أَسْمِعْ بِهِمْ وَأَبْصِرْ يَوْمَ يَأْتُونَنَا ۖ لَٰكِنِ الظَّالِمُونَ الْيَوْمَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Ма билгала хозур ду царна, ма къаьггина гур ду царна шаьш Тхуна тӀедаьхкинчу /къемат/ дийнахь! Делахь а, зуламхой тахана билгалчу тилар чохь ма бу

    19:38
  24. وَأَنْذِرْهُمْ يَوْمَ الْحَسْرَةِ إِذْ قُضِيَ الْأَمْرُ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ وَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гӀуллакх кхочушхилла уьш тидама чохь боцуш‚ уьш ца тешаш болуш

    19:39
  25. إِنَّا نَحْنُ نَرِثُ الْأَرْضَ وَمَنْ عَلَيْهَا وَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ

    Баккъалла а, Оха ирсана оьцу латта а‚ цунна тӀехь мел верг а‚ Тхуна тӀе юхаберзор болуш бу уьш а

    19:40

Гочдар: Магомед Магомедов