Сурат 19 Марйам, аят 2 – 6

  1. ذِكْرُ رَحْمَتِ رَبِّكَ عَبْدَهُ زَكَرِيَّا

    Шен лех Закарийах хьан Кхиош-кхобучо /бина болу/ къинхетам хьехор /ду хӀара/

    19:2
  2. إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ نِدَاءً خَفِيًّا

    Хьахаде! Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга къайлаха кхайкхарца

    19:3
  3. قَالَ رَبِّ إِنِّي وَهَنَ الْعَظْمُ مِنِّي وَاشْتَعَلَ الرَّأْسُ شَيْبًا وَلَمْ أَكُنْ بِدُعَائِكَ رَبِّ شَقِيًّا

    Элира: 'Сан Кхиош-кхобург (сан везан Дела)! Баккъалла, сан даьӀахкийн гра дайна /со къанваларца/‚ /сан/ корта буьзна къоьжачу чоьша‚ со ца хилира Хьоьга кхайкхарехь‚ /везан/ Дела‚ декъазниг (Ахь сан доӀина жоп ца луш ца вуьтура со – жоп лōхьа суна хӀинца а)

    19:4
  4. وَإِنِّي خِفْتُ الْمَوَالِيَ مِنْ وَرَائِي وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا فَهَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ وَلِيًّا

    Со кхоьру сол тӀаьхьа буьсучу сан гергарчарах /цара Хьан дин дӀатасарна/‚ зуда а хили сан бер ца хуьлуш‚ лōхьа суна Хьайгара /дика/ доьзалхо

    19:5
  5. يَرِثُنِي وَيَرِثُ مِنْ آلِ يَعْقُوبَ ۖ وَاجْعَلْهُ رَبِّ رَضِيًّا

    Сан ирс оьцур цо‚ ЯӀкъубан доьзалан ирс а оьцур цо‚ Ахь хилийталахь иза‚ со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ /Хьо шена/ реза волуш'

    19:6

Гочдар: Магомед Магомедов