Сурат 19 Марйам, аят 23 – 25

  1. فَأَجَاءَهَا الْمَخَاضُ إِلَىٰ جِذْعِ النَّخْلَةِ قَالَتْ يَا لَيْتَنِي مِتُّ قَبْلَ هَٰذَا وَكُنْتُ نَسْيًا مَنْسِيًّا

    Бер деш лазар дāро и ялийра хурман диттан гӀад долчу‚ цо элира: 'Елла елахьара со хӀокхул хьалха, – йицъелла яьлла хир яра со!'

    19:23
  2. فَنَادَاهَا مِنْ تَحْتِهَا أَلَّا تَحْزَنِي قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّا

    Цо (Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурман дитта) кӀелара: 'ГӀайгӀане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина

    19:24
  3. وَهُزِّي إِلَيْكِ بِجِذْعِ النَّخْلَةِ تُسَاقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًا جَنِيًّا

    ДӀасаластаде хьайна хурман диттан гӀад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тӀеда хурманаш

    19:25

Гочдар: Магомед Магомедов