Сурат 19 Марйам, аят 24 – 26
-
فَنَادَاهَا مِنْ تَحْتِهَا أَلَّا تَحْزَنِي قَدْ جَعَلَ رَبُّكِ تَحْتَكِ سَرِيًّا
Цо (Джабраил малико) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурман дитта) кӀелара: 'ГӀайгӀане ма йожа‚ хьан Кхиош-кхобучо хьуна бухахь /хин/ татол хилийтина
19:24 -
وَهُزِّي إِلَيْكِ بِجِذْعِ النَّخْلَةِ تُسَاقِطْ عَلَيْكِ رُطَبًا جَنِيًّا
ДӀасаластаде хьайна хурман диттан гӀад‚ цо егор ю хьуна мадъелла тӀеда хурманаш
19:25 -
فَكُلِي وَاشْرَبِي وَقَرِّي عَيْنًا ۖ فَإِمَّا تَرَيِنَّ مِنَ الْبَشَرِ أَحَدًا فَقُولِي إِنِّي نَذَرْتُ لِلرَّحْمَٰنِ صَوْمًا فَلَنْ أُكَلِّمَ الْيَوْمَ إِنْسِيًّا
Даа‚ мала‚ йоккхае (йоккха еда). Хьайна нахах милла гахь а‚ āла: 'Со Къинхетам болчунна (Дала) марха лаца ваӀда йина ю‚ со тахана йист хир яц цхьанна адаме '
19:26
Гочдар: Магомед Магомедов