Сурат 19 Марйам, аят 30 – 33
-
قَالَ إِنِّي عَبْدُ اللَّهِ آتَانِيَ الْكِتَابَ وَجَعَلَنِي نَبِيًّا
Цо (жимчу берас-Ӏийсас) элира: 'Со Делан лай ву. Цо соьга жайна делла‚ Цо сох пайхамар хилийтина
19:30 -
وَجَعَلَنِي مُبَارَكًا أَيْنَ مَا كُنْتُ وَأَوْصَانِي بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ مَا دُمْتُ حَيًّا
Цо со беркате хилийтина со миччахь велахь а. Суна весет дина Цо ламаз а‚ закат а, со дийна мел лаьтта,
19:31 -
وَبَرًّا بِوَالِدَتِي وَلَمْ يَجْعَلْنِي جَبَّارًا شَقِيًّا
Сан нанна дика хилар а. Цо ца хилийтина со /нахана/ ницкъбийриг а‚ декъазниг а
19:32 -
وَالسَّلَامُ عَلَيَّ يَوْمَ وُلِدْتُ وَيَوْمَ أَمُوتُ وَيَوْمَ أُبْعَثُ حَيًّا
Салам ду суна дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ лийр волчу дийнахь а‚ юха /гӀаттийна/ денвийр волчу дийнахь!'
19:33
Гочдар: Магомед Магомедов