Сурат 19 Марйам, аят 41 – 50

  1. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِبْرَاهِيمَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَبِيًّا

    Хьахаве жайна чохь ИбрахӀим. Баккъалла а, иза хилла тх бакълуьйш верг а‚ пайхамар а

    19:41
  2. إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ يَا أَبَتِ لِمَ تَعْبُدُ مَا لَا يَسْمَعُ وَلَا يُبْصِرُ وَلَا يُغْنِي عَنْكَ شَيْئًا

    Хьахаде! Цо аьллера шен дега: 'Дада‚ ахь хӀунда Ӏибадат до шена /хмма а/ ца хозучунна‚ шена /хмма а/ ца гучунна‚ ша хьо цхьана а хӀуманах кӀелхьарвоккхур воцчунна?

    19:42
  3. يَا أَبَتِ إِنِّي قَدْ جَاءَنِي مِنَ الْعِلْمِ مَا لَمْ يَأْتِكَ فَاتَّبِعْنِي أَهْدِكَ صِرَاطًا سَوِيًّا

    Дада‚ соьга деана Ӏилманах хьоьга цадеънарг‚ суна тӀаьхьахӀотта – ас нийсачу новкъа вуьллур ву хьо

    19:43
  4. يَا أَبَتِ لَا تَعْبُدِ الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ عَصِيًّا

    Дада‚ шайтӀанна Ӏибадат ма дехьа. Баккъалла а, шайтӀа Къинхетам болчунна (Далла) Ӏеса хилла

    19:44
  5. يَا أَبَتِ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يَمَسَّكَ عَذَابٌ مِنَ الرَّحْمَٰنِ فَتَكُونَ لِلشَّيْطَانِ وَلِيًّا

    Дада‚ со кхоьру Къинхетам болчуьнгара Ӏазапо хьо схьалацарна – тӀаккха хьо шайтӀанан доттагхир ма ву'

    19:45
  6. قَالَ أَرَاغِبٌ أَنْتَ عَنْ آلِهَتِي يَا إِبْرَاهِيمُ ۖ لَئِنْ لَمْ تَنْتَهِ لَأَرْجُمَنَّكَ ۖ وَاهْجُرْنِي مَلِيًّا

    Цо (ИбрахӀиман дас) элира: 'Ткъа хьо къаьхка сан делех‚ хӀай ИбрахӀим? Хьо ца сацахь‚ ас хьуна деттане а тӀулгаш деттар ма ду. Генавала суна цхьана ханна!'

    19:46
  7. قَالَ سَلَامٌ عَلَيْكَ ۖ سَأَسْتَغْفِرُ لَكَ رَبِّي ۖ إِنَّهُ كَانَ بِي حَفِيًّا

    Цо (ИбрахӀима) элира: 'Салам ду хьуна. Ас гечдар доьхур ду хьуна сан Кхиош-кхобучуьнга. Баккъалла а, Иза хилла соьца дукха дика

    19:47
  8. وَأَعْتَزِلُكُمْ وَمَا تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَأَدْعُو رَبِّي عَسَىٰ أَلَّا أَكُونَ بِدُعَاءِ رَبِّي شَقِيًّا

    Шух а дӀакъаьста со‚ аш‚ Дела а витина‚ шена Ӏибадат дечух а. Ас Ӏибадат до сан Кхиош-кхобучунна‚ со ца хила тарло сан Кхиош-кхобучунна Ӏибадат дарца декъазниг'

    19:48
  9. فَلَمَّا اعْتَزَلَهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ ۖ وَكُلًّا جَعَلْنَا نَبِيًّا

    Иза царах а‚ Дела а витина‚ цара шена Ӏибадат дечух а дӀакъаьстича‚ Оха цунна велира Исхьакъ а‚ ЯӀкъуб а – хӀораннах хилийтира Оха пайхамар

    19:49
  10. وَوَهَبْنَا لَهُمْ مِنْ رَحْمَتِنَا وَجَعَلْنَا لَهُمْ لِسَانَ صِدْقٍ عَلِيًّا

    Оха делира царна Тхан къинхетамах /даьхни а‚ доьзал а/‚ Оха хилийтира царна бакъдолчун мотт лекхачу даржехь

    19:50

Гочдар: Магомед Магомедов