Сурат 19 Марйам, аят 51 – 65

  1. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ مُوسَىٰ ۚ إِنَّهُ كَانَ مُخْلَصًا وَكَانَ رَسُولًا نَبِيًّا

    Хьахаве жайнахь Муса. Баккъалла а, иза вара /Дала Шена/ къастинарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а

    19:51
  2. وَنَادَيْنَاهُ مِنْ جَانِبِ الطُّورِ الْأَيْمَنِ وَقَرَّبْنَاهُ نَجِيًّا

    Оха цуьнга кхайкхира ламанан аьтту агӀорхьара‚ гергавалийра иза къайлахчу къамелана

    19:52
  3. وَوَهَبْنَا لَهُ مِنْ رَحْمَتِنَا أَخَاهُ هَارُونَ نَبِيًّا

    Оха Тхан къинхетамах /совгтна/ велира цунна шен ваша ХӀарун пайхамар хилла

    19:53
  4. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِسْمَاعِيلَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صَادِقَ الْوَعْدِ وَكَانَ رَسُولًا نَبِيًّا

    Хьахаве жайнахь ИсмаӀил. Баккъалла а, иза вара ваӀда бакъйеш верг‚ и вара элча а‚ пайхамар а

    19:54
  5. وَكَانَ يَأْمُرُ أَهْلَهُ بِالصَّلَاةِ وَالزَّكَاةِ وَكَانَ عِنْدَ رَبِّهِ مَرْضِيًّا

    Иза хуьлура шен охӀланна омра деш ламазций‚ закатций‚ и вара шен Кхиош-кхобучунна гергахь шена /Иза/ реза верг

    19:55
  6. وَاذْكُرْ فِي الْكِتَابِ إِدْرِيسَ ۚ إِنَّهُ كَانَ صِدِّيقًا نَبِيًّا

    Хьахаве жайнахь Идрис. Баккъалла а, иза вара тх бакълуьйш верг а‚ пайхамар а

    19:56
  7. وَرَفَعْنَاهُ مَكَانًا عَلِيًّا

    Оха хьалаваьккхира иза лекхачу меттиге

    19:57
  8. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مِنَ النَّبِيِّينَ مِنْ ذُرِّيَّةِ آدَمَ وَمِمَّنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ وَمِنْ ذُرِّيَّةِ إِبْرَاهِيمَ وَإِسْرَائِيلَ وَمِمَّنْ هَدَيْنَا وَاجْتَبَيْنَا ۚ إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُ الرَّحْمَٰنِ خَرُّوا سُجَّدًا وَبُكِيًّا ۩

    Уьш бу Āдаман зуьрретах болу Оха Нухьаца лелийначарах а‚ ИбрахӀиман а‚ Исраилан а зуьрретах а‚ Оха шаьш нисбинчарах а‚ хаьржинчарах а болчу пайхамарех Дала шайна ниӀмат делларш. Шайна Къинхетам болчун аяташ дешча, – гора гӀора уьш сужд дарций‚ белхарций

    19:58
  9. فَخَلَفَ مِنْ بَعْدِهِمْ خَلْفٌ أَضَاعُوا الصَّلَاةَ وَاتَّبَعُوا الشَّهَوَاتِ ۖ فَسَوْفَ يَلْقَوْنَ غَيًّا

    Царал тӀаьхьа цхьа тӀаьхье хилира ша ламаз дойуш‚ /дегн/ шовкъашна тӀаьхьахӀуьттуш. Тьхьа бегар бу уьш тилар чу /и бахьанехь дуьненахь а, эхартахь а бекхам хир бу царна/

    19:59
  10. إِلَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ وَلَا يُظْلَمُونَ شَيْئًا

    Тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Ӏамал йинарг а воцург. Уьш ялсамани чу гӀур бу‚ царна хӀумма зулам дийр дац

    19:60
  11. جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدَ الرَّحْمَٰنُ عِبَادَهُ بِالْغَيْبِ ۚ إِنَّهُ كَانَ وَعْدُهُ مَأْتِيًّا

    Ӏаднан бошмашна чу‚ Къинхетам болчо Шен лешна /цара и шайна/ гуш а йоцуш /цунна мал ярна/ ваӀда йина йолчу. Баккъалла а, Иза вара Шен ваӀда кхочушхир йолуш

    19:61
  12. لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا إِلَّا سَلَامًا ۖ وَلَهُمْ رِزْقُهُمْ فِيهَا بُكْرَةً وَعَشِيًّا

    Царна цу чохь деса хабар хезар дац‚ 'Салам' бен‚ царна шайн рицкъ хир ду цу чохь Ӏуьйранна а‚ суьйранна а

    19:62
  13. تِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي نُورِثُ مِنْ عِبَادِنَا مَنْ كَانَ تَقِيًّا

    И ялсамани ю Оха ирсана луш Тхан лех /Делах/ кхоьруш хиллачунна

    19:63
  14. وَمَا نَتَنَزَّلُ إِلَّا بِأَمْرِ رَبِّكَ ۖ لَهُ مَا بَيْنَ أَيْدِينَا وَمَا خَلْفَنَا وَمَا بَيْنَ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا كَانَ رَبُّكَ نَسِيًّا

    'Тхо охьа ца дуссу хьан Кхиош-кхобучун омраца бен. Цуьнан ду вайн хьалхахь дерг а‚ вайн тӀехьахь дерг а‚ оцарна юккъехь дерг а. Ца хилла хьан Кхиош-кхобург вицлуш'

    19:64
  15. رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا فَاعْبُدْهُ وَاصْطَبِرْ لِعِبَادَتِهِ ۚ هَلْ تَعْلَمُ لَهُ سَمِيًّا

    Стигланийн а‚ лаьттан а‚ царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобург ву иза‚ Цунна Ӏибадат де‚ Цунна Ӏибадат дарна тӀехь собар а де. Хьуна вевзий Цуьнан цӀерхо?

    19:65

Гочдар: Магомед Магомедов