Сурат 19 Марйам, аят 66 – 82
-
وَيَقُولُ الْإِنْسَانُ أَإِذَا مَا مِتُّ لَسَوْفَ أُخْرَجُ حَيًّا
Адамо олу: 'Со велча, тӀаьхьа денвина аравоккхур ву?'
19:66 -
أَوَلَا يَذْكُرُ الْإِنْسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِنْ قَبْلُ وَلَمْ يَكُ شَيْئًا
Ойла ца йо-те адамна Оха ша кхоьллина хилар хьалха – и хӀумма ма яцара?
19:67 -
فَوَرَبِّكَ لَنَحْشُرَنَّهُمْ وَالشَّيَاطِينَ ثُمَّ لَنُحْضِرَنَّهُمْ حَوْلَ جَهَنَّمَ جِثِيًّا
Хьан Кхиош-кхобучух дуй боу /Ас/‚ Оха гулбийр ма бу уьш а‚ шайтӀанаш а‚ тӀаккха жоьжахатина гонаха балор ма бу горабахана
19:68 -
ثُمَّ لَنَنْزِعَنَّ مِنْ كُلِّ شِيعَةٍ أَيُّهُمْ أَشَدُّ عَلَى الرَّحْمَٰنِ عِتِيًّا
ТӀаккха Оха схьавоккхур ву хӀор тобанах Къинхетам болчунна дуьхьало ярца уггар чӀогӀа верг
19:69 -
ثُمَّ لَنَحْنُ أَعْلَمُ بِالَّذِينَ هُمْ أَوْلَىٰ بِهَا صِلِيًّا
ТӀаккха Тхо дика хууш ду шаьш цу чохь бāга там берш
19:70 -
وَإِنْ مِنْكُمْ إِلَّا وَارِدُهَا ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ حَتْمًا مَقْضِيًّا
Шух ма вац цу чу гӀуш верг бен. Хьан Кхиош-кхобучун и хилла сацам боллуш кхочушхилларг
19:71 -
ثُمَّ نُنَجِّي الَّذِينَ اتَّقَوْا وَنَذَرُ الظَّالِمِينَ فِيهَا جِثِيًّا
ТӀаккха Оха кӀелхьарбохур бу шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш‚ зуламхой буьтур бу Оха цу чохь горабахана
19:72 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَيُّ الْفَرِيقَيْنِ خَيْرٌ مَقَامًا وَأَحْسَنُ نَدِيًّا
Шайна билгала долу Тхан аяташ дешча‚ цатешачара элира ийман диллинчаьрга: '/Вайх/ шиннах муьлха тоба ю дика бахамца‚ вовшашца цхьанакхетарца хаза?'
19:73 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هُمْ أَحْسَنُ أَثَاثًا وَرِئْيًا
Мел хӀаллакйина Оха царал хьалха тӀаьхьенаш‚ оцарал вуно хаза йолуш хьолаца а‚ гарца а!
19:74 -
قُلْ مَنْ كَانَ فِي الضَّلَالَةِ فَلْيَمْدُدْ لَهُ الرَّحْمَٰنُ مَدًّا ۚ حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ إِمَّا الْعَذَابَ وَإِمَّا السَّاعَةَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضْعَفُ جُنْدًا
Ахь āла /хӀай Мухьаммад/: 'Милла хиллехь а тилар чохь‚ Къинхетамболчо яхйо цунна хан /балане ца лоцуш/ и шена ваӀда йинарг: /дуьненан/ Ӏазап‚ я сахьт шен бьргий хьалха хтталц – тӀаккха хуур ду царна‚ мила ву вон верг меттигаца‚ уггар ледар верг эскарца
19:75 -
وَيَزِيدُ اللَّهُ الَّذِينَ اهْتَدَوْا هُدًى ۗ وَالْبَاقِيَاتُ الصَّالِحَاتُ خَيْرٌ عِنْدَ رَبِّكَ ثَوَابًا وَخَيْرٌ مَرَدًّا
Совбоху Дала нисбалагӀертарш нийсачу некъаца. Бухаюьсуш йолу дика Ӏамалш тоьлу хьан Кхиош-кхобучун гергахь мēлаца‚ тоьлу духадерзор долчуьнца а
19:76 -
أَفَرَأَيْتَ الَّذِي كَفَرَ بِآيَاتِنَا وَقَالَ لَأُوتَيَنَّ مَالًا وَوَلَدًا
Хьуна гирий и Тхан аятех цатешнарг? Цо элира: 'Суна ланне а лур бу бахам а‚ доьзал а'
19:77 -
أَطَّلَعَ الْغَيْبَ أَمِ اتَّخَذَ عِنْدَ الرَّحْمَٰنِ عَهْدًا
Къайлахдолчунна ткхиъна- те иза, я Къинхетамболчуьнгара ваӀда эцна-те цо?'
19:78 -
كَلَّا ۚ سَنَكْتُبُ مَا يَقُولُ وَنَمُدُّ لَهُ مِنَ الْعَذَابِ مَدًّا
ХӀан-хӀа! Оха яздийр ду цо бохург‚ яхйийр ю цунна Ӏазапан хан яхйарца
19:79 -
وَنَرِثُهُ مَا يَقُولُ وَيَأْتِينَا فَرْدًا
Оха схьаоьцур ду ирсана цо бохург (цуьнан бахам а, цуьнан доьзал а и хллаквинчул тьхьа)‚ Тхуна тӀе вогӀур ву иза цхьа /даьхни а‚ доьзал а боцуш/
19:80 -
وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لِيَكُونُوا لَهُمْ عِزًّا
Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚ шайна царах сий хилархьама
19:81 -
كَلَّا ۚ سَيَكْفُرُونَ بِعِبَادَتِهِمْ وَيَكُونُونَ عَلَيْهِمْ ضِدًّا
ХӀан-хӀа! Церан Ӏибадатна керстаналла дийр ду цара‚ царна мостагӀий хир бу царах /къематдийнахь/
19:82
Гочдар: Магомед Магомедов