Сурат 19 Марйам, аят 7 – 15
-
يَا زَكَرِيَّا إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ اسْمُهُ يَحْيَىٰ لَمْ نَجْعَلْ لَهُ مِنْ قَبْلُ سَمِيًّا
'ХIай Закарийа! Оха кхаъ боккху хьуна кIантаца‚ шен цIе Яхья йолчу. Ца хилийтина Оха цул хьалха и цIе ерг'
19:7 -
قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَكَانَتِ امْرَأَتِي عَاقِرًا وَقَدْ بَلَغْتُ مِنَ الْكِبَرِ عِتِيًّا
Цо элира: 'Со Кхиош-кхобург‚ мичара хир вара суна кIант?! Сан зуда а бер ца хуьлуш ма ю‚ со а воккхаллехь дукха тишвелла'
19:8 -
قَالَ كَذَٰلِكَ قَالَ رَبُّكَ هُوَ عَلَيَّ هَيِّنٌ وَقَدْ خَلَقْتُكَ مِنْ قَبْلُ وَلَمْ تَكُ شَيْئًا
/Делан малико/ элира: 'Иштта аьлла хьан Кхиош-кхобучо: 'И Суна /дукха/ атта ду‚ хьо а кхоьллина Ас хьалха‚ хьо хIумма а ма яцара'
19:9 -
قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۚ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَ لَيَالٍ سَوِيًّا
Цо (Закарийас) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ цхьа билгало хилийтахь суна!' Элира: 'Хьуна билгало ю-кх ахь нахе нийсса кхаа буьйсанна хабар цадийцар'
19:10 -
فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ مِنَ الْمِحْرَابِ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ أَنْ سَبِّحُوا بُكْرَةً وَعَشِيًّا
ТIаккха шен нах болчу аравелира иза михьраба чуьра‚ цо цаьрга хаийтира ишар ярца: 'Тасбахь делаш /Далла/ Iуьйранца а‚ суьйранца а'‚ аьлла
19:11 -
يَا يَحْيَىٰ خُذِ الْكِتَابَ بِقُوَّةٍ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْحُكْمَ صَبِيًّا
/Дала элира/: 'ХIай Яхья! Схьаэца жайна ницкъица!' Оха делира цуьнга хьукам и жима кIант волуш
19:12 -
وَحَنَانًا مِنْ لَدُنَّا وَزَكَاةً ۖ وَكَانَ تَقِيًّا
Тхоьгара къахетар а‚ цIеналла а /дара иза/. И хилира /Делах/ кхоьруш а,
19:13 -
وَبَرًّا بِوَالِدَيْهِ وَلَمْ يَكُنْ جَبَّارًا عَصِيًّا
Дена-нанна дика а /хилира и/‚ и вацара /нахана/ ницкъ бийриг а‚ Iеса верг а
19:14 -
وَسَلَامٌ عَلَيْهِ يَوْمَ وُلِدَ وَيَوْمَ يَمُوتُ وَيَوْمَ يُبْعَثُ حَيًّا
Салам ду цунна и дуьнена ваьллачу дийнахь а‚ и лийр волчу дийнахь а‚ и юха /гIаттийна/ денвийр волчу дийнахь а
19:15
Гочдар: Магомед Магомедов