Сурат 19 Марйам, аят 83 – 98

  1. أَلَمْ تَرَ أَنَّا أَرْسَلْنَا الشَّيَاطِينَ عَلَى الْكَافِرِينَ تَؤُزُّهُمْ أَزًّا

    Хьуна ца хиъна‚ Оха шайтӀанаш дахийтина керстанашна тӀе цара уьш луьйра къиношна тӀекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?

    19:83
  2. فَلَا تَعْجَلْ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّمَا نَعُدُّ لَهُمْ عَدًّا

    Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца

    19:84
  3. يَوْمَ نَحْشُرُ الْمُتَّقِينَ إِلَى الرَّحْمَٰنِ وَفْدًا

    Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тӀе тӀехевшина

    19:85
  4. وَنَسُوقُ الْمُجْرِمِينَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ وِرْدًا

    Оха длохкур бу къинош динарш жоьжахате гӀаш

    19:86
  5. لَا يَمْلِكُونَ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنِ اتَّخَذَ عِنْدَ الرَّحْمَٰنِ عَهْدًا

    ШапаӀатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваӀда эцнарг а бен

    19:87
  6. وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَٰنُ وَلَدًا

    Цара элира: 'Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/'

    19:88
  7. لَقَدْ جِئْتُمْ شَيْئًا إِدًّا

    Ирча хӀума деана аш

    19:89
  8. تَكَادُ السَّمَاوَاتُ يَتَفَطَّرْنَ مِنْهُ وَتَنْشَقُّ الْأَرْضُ وَتَخِرُّ الْجِبَالُ هَدًّا

    Стигланаш этӀарна герга ду цунах‚ латта дадарна‚ лаьмнаш доьхна дегарна /герга ду/

    19:90
  9. أَنْ دَعَوْا لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدًا

    Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхар бахьанехь

    19:91
  10. وَمَا يَنْبَغِي لِلرَّحْمَٰنِ أَنْ يَتَّخِذَ وَلَدًا

    Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лāца

    19:92
  11. إِنْ كُلُّ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ إِلَّا آتِي الرَّحْمَٰنِ عَبْدًا

    Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тӀе лай хилла вогӀур волуш бен

    19:93
  12. لَقَدْ أَحْصَاهُمْ وَعَدَّهُمْ عَدًّا

    Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца

    19:94
  13. وَكُلُّهُمْ آتِيهِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَرْدًا

    Уьш массо а Цунна тӀе богӀур бу къематдийнахь шаьш-шаьш

    19:95
  14. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَيَجْعَلُ لَهُمُ الرَّحْمَٰنُ وُدًّا

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу

    19:96
  15. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لِتُبَشِّرَ بِهِ الْمُتَّقِينَ وَتُنْذِرَ بِهِ قَوْمًا لُدًّا

    Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта

    19:97
  16. وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هَلْ تُحِسُّ مِنْهُمْ مِنْ أَحَدٍ أَوْ تَسْمَعُ لَهُمْ رِكْزًا

    Мел хӀаллакйина Оха царал хьалха тӀаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?

    19:98

Гочдар: Магомед Магомедов