Сурат 20 ТахӀа, аят 1 – 24
-
طه
ТӀахӀа
20:1 -
مَا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لِتَشْقَىٰ
Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьуна хала хилийта (хьоьга баланаш хьегийта)
20:2 -
إِلَّا تَذْكِرَةً لِمَنْ يَخْشَىٰ
Хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна
20:3 -
تَنْزِيلًا مِمَّنْ خَلَقَ الْأَرْضَ وَالسَّمَاوَاتِ الْعُلَى
Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хӀара/
20:4 -
الرَّحْمَٰنُ عَلَى الْعَرْشِ اسْتَوَىٰ
Ша сов къинхетаме верг ву И – Ӏарша тӀехь днисвелла И
20:5 -
لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَمَا تَحْتَ الثَّرَىٰ
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шинна юккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а
20:6 -
وَإِنْ تَجْهَرْ بِالْقَوْلِ فَإِنَّهُ يَعْلَمُ السِّرَّ وَأَخْفَى
Ахь дош чӀогӀа āлахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а
20:7 -
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ
/Цхьа Аллах Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цӀерш
20:8 -
وَهَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ مُوسَىٰ
Хьоьга деаний Мусан хабар?
20:9 -
إِذْ رَأَىٰ نَارًا فَقَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَعَلِّي آتِيكُمْ مِنْهَا بِقَبَسٍ أَوْ أَجِدُ عَلَى النَّارِ هُدًى
Дагадаийта! Цунна ма гира цӀе‚ тӀаккха цо элира шен доьзале: 'Шу совца /хӀокху меттехь/‚ суна цӀе хааелла‚ со ван мега шуна цунах цхьа āлу йохьуш‚ я суна карор бу цӀера тӀехь нийса некъ'
20:10 -
فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ يَا مُوسَىٰ
Иза цунна тӀевеъча‚ кхайкхира: 'ХӀай Муса!
20:11 -
إِنِّي أَنَا رَبُّكَ فَاخْلَعْ نَعْلَيْكَ ۖ إِنَّكَ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى
Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дӀаяха хьан мачаш – хьо ву ТӀува олучу езачу атагӀахь
20:12 -
وَأَنَا اخْتَرْتُكَ فَاسْتَمِعْ لِمَا يُوحَىٰ
Ас хьо хаьржина – ладогӀа вехьеца дуьйцучуьнга
20:13 -
إِنَّنِي أَنَا اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدْنِي وَأَقِمِ الصَّلَاةَ لِذِكْرِي
Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Ӏибадат де‚ ламаз хӀоттаде Со хьехаван
20:14 -
إِنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ أَكَادُ أُخْفِيهَا لِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا تَسْعَىٰ
Баккъалла а, сахьт догӀур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хӀор синна ша тӀегӀерташ долчуьнца бекхам хилийта
20:15 -
فَلَا يَصُدَّنَّكَ عَنْهَا مَنْ لَا يُؤْمِنُ بِهَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ فَتَرْدَىٰ
Хьо цунах юха ма воккхийла ша цунах ца тешаш шен дезаршна тӀаьхьа хӀоьттинчо – тӀаккха хӀаллакхир ву хьо
20:16 -
وَمَا تِلْكَ بِيَمِينِكَ يَا مُوسَىٰ
И хӀун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ хй Муса?'
20:17 -
قَالَ هِيَ عَصَايَ أَتَوَكَّأُ عَلَيْهَا وَأَهُشُّ بِهَا عَلَىٰ غَنَمِي وَلِيَ فِيهَا مَآرِبُ أُخْرَىٰ
Цо элира: 'И сан Ӏаса ю‚ со цунна тӀетовжу‚ ас цуьнца сан жана гӀаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу'
20:18 -
قَالَ أَلْقِهَا يَا مُوسَىٰ
Цо (Дала) элира: 'ДӀакхосса и‚ хй Муса!'
20:19 -
فَأَلْقَاهَا فَإِذَا هِيَ حَيَّةٌ تَسْعَىٰ
Цо и дӀакхоьссира – цунах чукхиссалуш текхарг хилира
20:20 -
قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ ۖ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا الْأُولَىٰ
Цо элира: 'Схьаэца и‚ ма кхера!' Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха
20:21 -
وَاضْمُمْ يَدَكَ إِلَىٰ جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ آيَةً أُخْرَىٰ
Хьан куьг хьан агӀонна тӀетаӀаде – кӀайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна
20:22 -
لِنُرِيَكَ مِنْ آيَاتِنَا الْكُبْرَى
Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех
20:23 -
اذْهَبْ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ
Хьада ФирӀавнна тӀе гӀо‚ – баккъалла а, и тӀехваьлла /Делан дозанех/'
20:24
Гочдар: Магомед Магомедов