Сурат 20 ТахIа, аят 1 – 8

  1. طه

    ТIахIа

    20:1
  2. مَا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لِتَشْقَىٰ

    Оха ца доссийна хьоьга Къуръан хьуна хала хилийта (хьоьга баланаш хьегийта)

    20:2
  3. إِلَّا تَذْكِرَةً لِمَنْ يَخْشَىٰ

    Хьехам хилла бен ша /Делах/ кхоьруш волчунна

    20:3
  4. تَنْزِيلًا مِمَّنْ خَلَقَ الْأَرْضَ وَالسَّمَاوَاتِ الْعُلَى

    Ша латта а‚ лекха стигланаш а кхоьллинчуьнгара доссош долчу хьолехь /ду хIара/

    20:4
  5. الرَّحْمَٰنُ عَلَى الْعَرْشِ اسْتَوَىٰ

    Ша сов къинхетаме верг ву И – Iарша тIехь днисвелла И

    20:5
  6. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَمَا تَحْتَ الثَّرَىٰ

    Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ цу шинна юккъехь дерг а‚ лаьтта бухахь дерг а

    20:6
  7. وَإِنْ تَجْهَرْ بِالْقَوْلِ فَإِنَّهُ يَعْلَمُ السِّرَّ وَأَخْفَى

    Ахь дош чIогIа āлахь а, – баккъалла а, Иза хууш ву къайле а‚ вуно хьуламехь дерг а

    20:7
  8. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ

    /Цхьа Аллах Дела ву – кхин дела вац И бен. Цуьнан ю хаза цIерш

    20:8

Гочдар: Магомед Магомедов