Сурат 20 ТахӀа, аят 105 – 115

  1. وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْجِبَالِ فَقُلْ يَنْسِفُهَا رَبِّي نَسْفًا

    Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахь āла: 'Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо'

    20:105
  2. فَيَذَرُهَا قَاعًا صَفْصَفًا

    Дуьтур ду Цо уьш нийса яьсса меттиг хилла

    20:106
  3. لَا تَرَىٰ فِيهَا عِوَجًا وَلَا أَمْتًا

    Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а

    20:107
  4. يَوْمَئِذٍ يَتَّبِعُونَ الدَّاعِيَ لَا عِوَجَ لَهُ ۖ وَخَشَعَتِ الْأَصْوَاتُ لِلرَّحْمَٰنِ فَلَا تَسْمَعُ إِلَّا هَمْسًا

    Оцу дийнахь уьш тӀаьхьахӀуьттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстахбовлийла доцуш‚ аьзнаш мукӀар хир ду Ша сов къинхетаме волчунна (Далла)‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен

    20:108
  5. يَوْمَئِذٍ لَا تَنْفَعُ الشَّفَاعَةُ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَرَضِيَ لَهُ قَوْلًا

    Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаӀато Ша сов къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашна Иза реза хиллачунна бен

    20:109
  6. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِهِ عِلْمًا

    Цунна (Далла) хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тӀаьхьа хиндерг а‚ уьш тӀаьхьакхуьур бац Цунах Ӏилманца

    20:110
  7. وَعَنَتِ الْوُجُوهُ لِلْحَيِّ الْقَيُّومِ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنْ حَمَلَ ظُلْمًا

    Яххьаш мукӀар хилира Ша дийна волчунна, Ша /Ӏаламийн гӀуллакхашна/ дхӀоьттийна волчунна (Далла), дог диллина висира зулам деанарг (Делаца накъост лаьцнарг)

    20:111
  8. وَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا يَخَافُ ظُلْمًا وَلَا هَضْمًا

    Ша диканаш динарг‚ ша муъмин волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а

    20:112
  9. وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا وَصَرَّفْنَا فِيهِ مِنَ الْوَعِيدِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ أَوْ يُحْدِثُ لَهُمْ ذِكْرًا

    Иштта охьадоссийра Оха и Ӏаьрбийн Дешар дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха, уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хӀаллакхилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла

    20:113
  10. فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ ۗ وَلَا تَعْجَلْ بِالْقُرْآنِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يُقْضَىٰ إِلَيْكَ وَحْيُهُ ۖ وَقُلْ رَبِّ زِدْنِي عِلْمًا

    Лакхавели Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло Къуръанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ āла: 'Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Ӏилманца'

    20:114
  11. وَلَقَدْ عَهِدْنَا إِلَىٰ آدَمَ مِنْ قَبْلُ فَنَسِيَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُ عَزْمًا

    Оха ваӀда йинера хьалха Āдамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чӀогӀалла

    20:115

Гочдар: Магомед Магомедов