Сурат 20 ТахӀа, аят 11 – 16
-
فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ يَا مُوسَىٰ
Иза цунна тӀевеъча‚ кхайкхира: 'ХӀай Муса!
20:11 -
إِنِّي أَنَا رَبُّكَ فَاخْلَعْ نَعْلَيْكَ ۖ إِنَّكَ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى
Баккъалла а, Со ву хьан Эла‚ дӀаяха хьан мачаш – хьо ву ТӀува олучу езачу атагӀахь
20:12 -
وَأَنَا اخْتَرْتُكَ فَاسْتَمِعْ لِمَا يُوحَىٰ
Ас хьо хаьржина – ладогӀа вехьеца дуьйцучуьнга
20:13 -
إِنَّنِي أَنَا اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدْنِي وَأَقِمِ الصَّلَاةَ لِذِكْرِي
Баккъалла а, Со Дела ву‚ кхин дела вац Со воцург‚ Суна Ӏибадат де‚ ламаз хӀоттаде Со хьехаван
20:14 -
إِنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ أَكَادُ أُخْفِيهَا لِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا تَسْعَىٰ
Баккъалла а, сахьт догӀур долуш ду‚ Со лаьтта и хьулдеш‚ хӀор синна ша тӀегӀерташ долчуьнца бекхам хилийта
20:15 -
فَلَا يَصُدَّنَّكَ عَنْهَا مَنْ لَا يُؤْمِنُ بِهَا وَاتَّبَعَ هَوَاهُ فَتَرْدَىٰ
Хьо цунах юха ма воккхийла ша цунах ца тешаш шен дезаршна тӀаьхьа хӀоьттинчо – тӀаккха хӀаллакхир ву хьо
20:16
Гочдар: Магомед Магомедов