Сурат 20 ТахӀа, аят 115 – 121
-
وَلَقَدْ عَهِدْنَا إِلَىٰ آدَمَ مِنْ قَبْلُ فَنَسِيَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُ عَزْمًا
Оха ваӀда йинера хьалха Āдамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чӀогӀалла
20:115 -
وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ
Хьахаде! Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо – и дуьхьалхилира /сужуд дан/
20:116 -
فَقُلْنَا يَا آدَمُ إِنَّ هَٰذَا عَدُوٌّ لَكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ الْجَنَّةِ فَتَشْقَىٰ
Оха элира: 'ХӀай Āдам‚ баккъалла а, хӀара /иблис/ мостагӀ ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тӀаккха дакъазавер ву хьо
20:117 -
إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَىٰ
Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тӀерза (верзийна) вуьсийла а дац
20:118 -
وَأَنَّكَ لَا تَظْمَأُ فِيهَا وَلَا تَضْحَىٰ
Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац'
20:119 -
فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ الشَّيْطَانُ قَالَ يَا آدَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَىٰ شَجَرَةِ الْخُلْدِ وَمُلْكٍ لَا يَبْلَىٰ
ШайтӀа тӀедирзира цунна /тилаван/‚ элира: 'ХӀай Āдам‚ ас тӀенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тӀе?'
20:120 -
فَأَكَلَا مِنْهَا فَبَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۚ وَعَصَىٰ آدَمُ رَبَّهُ فَغَوَىٰ
Цара шиммо цунах кхаьллира /стом/ – тӀаккха царна шинна шаьшшиннан эвхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тӀе ялсаманин гӀаш летадан. Āдамо Ӏесалла йира шен Кхиош-кхобучунна – и тилавелира
20:121
Гочдар: Магомед Магомедов