Сурат 20 ТахIа, аят 115 – 124

  1. وَلَقَدْ عَهِدْنَا إِلَىٰ آدَمَ مِنْ قَبْلُ فَنَسِيَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُ عَزْمًا

    Оха ваIда йинера хьалха Āдамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла

    20:115
  2. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ

    Хьахаде! Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо – и дуьхьалхилира /сужуд дан/

    20:116
  3. فَقُلْنَا يَا آدَمُ إِنَّ هَٰذَا عَدُوٌّ لَكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ الْجَنَّةِ فَتَشْقَىٰ

    Оха элира: 'ХIай Āдам‚ баккъалла а, хIара /иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тIаккха дакъазавер ву хьо

    20:117
  4. إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَىٰ

    Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза (верзийна) вуьсийла а дац

    20:118
  5. وَأَنَّكَ لَا تَظْمَأُ فِيهَا وَلَا تَضْحَىٰ

    Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац'

    20:119
  6. فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ الشَّيْطَانُ قَالَ يَا آدَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَىٰ شَجَرَةِ الْخُلْدِ وَمُلْكٍ لَا يَبْلَىٰ

    ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: 'ХIай Āдам‚ ас тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?'

    20:120
  7. فَأَكَلَا مِنْهَا فَبَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۚ وَعَصَىٰ آدَمُ رَبَّهُ فَغَوَىٰ

    Цара шиммо цунах кхаьллира /стом/ – тIаккха царна шинна шаьшшиннан эвхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш летадан. Āдамо Iесалла йира шен Кхиош-кхобучунна – и тилавелира

    20:121
  8. ثُمَّ اجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَتَابَ عَلَيْهِ وَهَدَىٰ

    ТIаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ тōба къоболдира цуьнан‚ нисвира /нийсачу новкъа/

    20:122
  9. قَالَ اهْبِطَا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنِ اتَّبَعَ هُدَايَ فَلَا يَضِلُّ وَلَا يَشْقَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'Охьадисса шу шиъ цу /ялсамани/ чуьра шун зуьрретах цхьаберш вакхарна мостагй хилла /лаьттахь/ цхьаьнакхетар болчу хьолехь. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тIаьхьахIоьттинарг – и тилалур вац‚ и декъазавер вац

    20:123
  10. وَمَنْ أَعْرَضَ عَنْ ذِكْرِي فَإِنَّ لَهُ مَعِيشَةً ضَنْكًا وَنَحْشُرُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَعْمَىٰ

    Со хьехорах юхаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан. Оха гулвийр ву и къематдийнахь, бIаьрса а доцуш

    20:124

Гочдар: Магомед Магомедов