Сурат 20 ТахӀа, аят 116 – 128
-
وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ
Хьахаде! Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо – и дуьхьалхилира /сужуд дан/
20:116 -
فَقُلْنَا يَا آدَمُ إِنَّ هَٰذَا عَدُوٌّ لَكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ الْجَنَّةِ فَتَشْقَىٰ
Оха элира: 'ХӀай Āдам‚ баккъалла а, хӀара /иблис/ мостагӀ ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тӀаккха дакъазавер ву хьо
20:117 -
إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَىٰ
Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тӀерза (верзийна) вуьсийла а дац
20:118 -
وَأَنَّكَ لَا تَظْمَأُ فِيهَا وَلَا تَضْحَىٰ
Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац'
20:119 -
فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ الشَّيْطَانُ قَالَ يَا آدَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَىٰ شَجَرَةِ الْخُلْدِ وَمُلْكٍ لَا يَبْلَىٰ
ШайтӀа тӀедирзира цунна /тилаван/‚ элира: 'ХӀай Āдам‚ ас тӀенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тӀе?'
20:120 -
فَأَكَلَا مِنْهَا فَبَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۚ وَعَصَىٰ آدَمُ رَبَّهُ فَغَوَىٰ
Цара шиммо цунах кхаьллира /стом/ – тӀаккха царна шинна шаьшшиннан эвхье меттигаш гучуевлира – уьш буьйлабелира шайна тӀе ялсаманин гӀаш летадан. Āдамо Ӏесалла йира шен Кхиош-кхобучунна – и тилавелира
20:121 -
ثُمَّ اجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَتَابَ عَلَيْهِ وَهَدَىٰ
ТӀаккха шен Кхиош-кхобучо хаьржира иза‚ тōба къоболдира цуьнан‚ нисвира /нийсачу новкъа/
20:122 -
قَالَ اهْبِطَا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنِ اتَّبَعَ هُدَايَ فَلَا يَضِلُّ وَلَا يَشْقَىٰ
Цо (Дала) элира: 'Охьадисса шу шиъ цу /ялсамани/ чуьра шун зуьрретах цхьаберш вакхарна мостагй хилла /лаьттахь/ цхьаьнакхетар болчу хьолехь. Шуьга беъча Соьгара нийса некъ‚ цу Сан некъана тӀаьхьахӀоьттинарг – и тилалур вац‚ и декъазавер вац
20:123 -
وَمَنْ أَعْرَضَ عَنْ ذِكْرِي فَإِنَّ لَهُ مَعِيشَةً ضَنْكًا وَنَحْشُرُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ أَعْمَىٰ
Со хьехорах юхаваьлларг – сов готта бахам бу цуьнан. Оха гулвийр ву и къематдийнахь, бӀаьрса а доцуш
20:124 -
قَالَ رَبِّ لِمَ حَشَرْتَنِي أَعْمَىٰ وَقَدْ كُنْتُ بَصِيرًا
Цо эр: 'Со Кхиош-кхобург‚ Ахь хӀунда гулви со, бӀаьрса а доцуш‚ со бӀаьрса долуш ма вари-й?'
20:125 -
قَالَ كَذَٰلِكَ أَتَتْكَ آيَاتُنَا فَنَسِيتَهَا ۖ وَكَذَٰلِكَ الْيَوْمَ تُنْسَىٰ
Цо (Дала) элира: 'Иштта деара хьоьга Тхан аяташ – ахь уьш дицдира. Иштта тахана хьо вицвийр ву'
20:126 -
وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي مَنْ أَسْرَفَ وَلَمْ يُؤْمِنْ بِآيَاتِ رَبِّهِ ۚ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَشَدُّ وَأَبْقَىٰ
Иштта бекхам бо Оха тӀалам ца бинчунна‚ шен Кхиош-кхобучун аятех ца тешначунна. Эхартан Ӏазап мелхо а чӀогӀа а ду‚ /ханна/ деха а ду
20:127 -
أَفَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِأُولِي النُّهَىٰ
Уьш нис ца бина-те Оха шайл хьалха мел хӀаллакйинчу тӀаьхьенаша? – церан бахамашкахула дсалелаш ма бу уьш! Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду‚ хьекъал долчарна
20:128
Гочдар: Магомед Магомедов