Сурат 20 ТахӀа, аят 129 – 135

  1. وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَكَانَ لِزَامًا وَأَجَلٌ مُسَمًّى

    Дош хьалха ца даьллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара, и хилаза цадериг дара, цӀе тоьхна хан а /ца хиллехьара/

    20:129
  2. فَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ غُرُوبِهَا ۖ وَمِنْ آنَاءِ اللَّيْلِ فَسَبِّحْ وَأَطْرَافَ النَّهَارِ لَعَلَّكَ تَرْضَىٰ

    Ахь собар де цара дуьйцучунна тӀехь‚ хьан Кхиош-кхобучунна тасбахь де малх схьакхетале а‚ и дӀабузале а. Буьйсанан заманашкахь а тасбахь де‚ дийнан тӀегӀешкахь а‚ – хьо реза хила там бара

    20:130
  3. وَلَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَىٰ مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِنْهُمْ زَهْرَةَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَرِزْقُ رَبِّكَ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ

    Хьан бӀаьргаш данне а ма кхийдаде Оха царах шайна ниӀмат деллачу марошка-зударшка – дуьненан дахаран зазадаккхар ду иза‚ уьш цу чохь Оха зерхьама. Хьан Кхиош-кхобучун рицкъ дика а‚ вуно ханна деха а ду

    20:131
  4. وَأْمُرْ أَهْلَكَ بِالصَّلَاةِ وَاصْطَبِرْ عَلَيْهَا ۖ لَا نَسْأَلُكَ رِزْقًا ۖ نَحْنُ نَرْزُقُكَ ۗ وَالْعَاقِبَةُ لِلتَّقْوَىٰ

    Омра де хьан охӀле ламаз де‚ алий‚ цу тӀехь собаре хила. Оха ца доьху хьоьга рицкъ. Оха лур ду хьуна рицкъ. ТӀаьхье – /Делах/ кхерарехь ю!

    20:132
  5. وَقَالُوا لَوْلَا يَأْتِينَا بِآيَةٍ مِنْ رَبِّهِ ۚ أَوَلَمْ تَأْتِهِمْ بَيِّنَةُ مَا فِي الصُّحُفِ الْأُولَىٰ

    Цара элира: 'Цо (пайхамара) деънехьара вайга шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа /билгала/ делил?' Цаьрга ца еана ткъа билгало хьалхалерчу жайнашкахь?

    20:133
  6. وَلَوْ أَنَّا أَهْلَكْنَاهُمْ بِعَذَابٍ مِنْ قَبْلِهِ لَقَالُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَذِلَّ وَنَخْزَىٰ

    Оха уьш хӀаллакбинехьара Ӏазапца цул (пайхамарал) хьалха‚ цара эр ма дара: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ Ахь ваийтинехьара тхоьга элча, – тхо тӀаьхьахӀуьттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо сийсаза хилале‚ тхо юьхьӀаьржа хӀоттале?'

    20:134
  7. قُلْ كُلٌّ مُتَرَبِّصٌ فَتَرَبَّصُوا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ أَصْحَابُ الصِّرَاطِ السَّوِيِّ وَمَنِ اهْتَدَىٰ

    Ахь āла: 'Массо а хьоьжуш ву‚ хьежа шу а‚ тӀаккха тӀаьхьа хуур ду шуна‚ муьлш бу нийсачу некъан дай, муьлш бу нисбелларш'

    20:135

Гочдар: Магомед Магомедов