Сурат 20 ТахӀа, аят 17 – 23

  1. وَمَا تِلْكَ بِيَمِينِكَ يَا مُوسَىٰ

    И хӀун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ хй Муса?'

    20:17
  2. قَالَ هِيَ عَصَايَ أَتَوَكَّأُ عَلَيْهَا وَأَهُشُّ بِهَا عَلَىٰ غَنَمِي وَلِيَ فِيهَا مَآرِبُ أُخْرَىٰ

    Цо элира: 'И сан Ӏаса ю‚ со цунна тӀетовжу‚ ас цуьнца сан жана гӀаш дегадо‚ суна цу чохь кхин пайданаш а бу'

    20:18
  3. قَالَ أَلْقِهَا يَا مُوسَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'ДӀакхосса и‚ хй Муса!'

    20:19
  4. فَأَلْقَاهَا فَإِذَا هِيَ حَيَّةٌ تَسْعَىٰ

    Цо и дӀакхоьссира – цунах чукхиссалуш текхарг хилира

    20:20
  5. قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ ۖ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا الْأُولَىٰ

    Цо элира: 'Схьаэца и‚ ма кхера!' Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха

    20:21
  6. وَاضْمُمْ يَدَكَ إِلَىٰ جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ آيَةً أُخْرَىٰ

    Хьан куьг хьан агӀонна тӀетаӀаде – кӀайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна

    20:22
  7. لِنُرِيَكَ مِنْ آيَاتِنَا الْكُبْرَى

    Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех

    20:23

Гочдар: Магомед Магомедов