Сурат 20 ТахIа, аят 21 – 24
-
قَالَ خُذْهَا وَلَا تَخَفْ ۖ سَنُعِيدُهَا سِيرَتَهَا الْأُولَىٰ
Цо элира: 'Схьаэца и‚ ма кхера!' Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха
20:21 -
وَاضْمُمْ يَدَكَ إِلَىٰ جَنَاحِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ آيَةً أُخْرَىٰ
Хьан куьг хьан агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза хало йоцуш – кхин делил ду хьуна
20:22 -
لِنُرِيَكَ مِنْ آيَاتِنَا الْكُبْرَى
Оха хьоьга гайта Тхан даккхийчу делилех
20:23 -
اذْهَبْ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ
Хьада ФирIавнна тIе гIо‚ – баккъалла а, и тIехваьлла /Делан дозанех/'
20:24
Гочдар: Магомед Магомедов