Сурат 20 ТахӀа, аят 25 – 54

  1. قَالَ رَبِّ اشْرَحْ لِي صَدْرِي

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ сан дог паргӀатдаккхахь‚

    20:25
  2. وَيَسِّرْ لِي أَمْرِي

    Ахь дайдехь суна сан гӀуллакх

    20:26
  3. وَاحْلُلْ عُقْدَةً مِنْ لِسَانِي

    Ахь бастахьа сан маттах болу шад -

    20:27
  4. يَفْقَهُوا قَوْلِي

    ТӀаккха уьш кхетар бара сан дашах

    20:28
  5. وَاجْعَلْ لِي وَزِيرًا مِنْ أَهْلِي

    Хилийтахь суна гӀоьнча сан охӀлах‚

    20:29
  6. هَارُونَ أَخِي

    ХӀарун‚ сан ваша

    20:30
  7. اشْدُدْ بِهِ أَزْرِي

    Цуьнца сан ницкъ чӀагӀбехьа

    20:31
  8. وَأَشْرِكْهُ فِي أَمْرِي

    Суна накъосталла дайтахьа цуьнга сан гӀуллакхехь

    20:32
  9. كَيْ نُسَبِّحَكَ كَثِيرًا

    Оха Хьуна тасбихь дархьама дуккха а

    20:33
  10. وَنَذْكُرَكَ كَثِيرًا

    Оха Хьо хьехавархьама дуккха а

    20:34
  11. إِنَّكَ كُنْتَ بِنَا بَصِيرًا

    Баккъалла а, Хьо хилла-кх тхо гуш верг'

    20:35
  12. قَالَ قَدْ أُوتِيتَ سُؤْلَكَ يَا مُوسَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'Хьуна делла айхьа доьхург‚ хй Муса

    20:36
  13. وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَىٰ

    Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚

    20:37
  14. إِذْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّكَ مَا يُوحَىٰ

    Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

    20:38
  15. أَنِ اقْذِفِيهِ فِي التَّابُوتِ فَاقْذِفِيهِ فِي الْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ الْيَمُّ بِالسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّ لِي وَعَدُوٌّ لَهُ ۚ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةً مِنِّي وَلِتُصْنَعَ عَلَىٰ عَيْنِي

    'ТӀорказа чу вилла и‚ тӀаккха хӀорда чу кхосса и. ХӀордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагӀчо схьаоьцур ву'. Ас хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама Сан бӀаьргийн хьалха

    20:39
  16. إِذْ تَمْشِي أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ مَنْ يَكْفُلُهُ ۖ فَرَجَعْنَاكَ إِلَىٰ أُمِّكَ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ ۚ وَقَتَلْتَ نَفْسًا فَنَجَّيْنَاكَ مِنَ الْغَمِّ وَفَتَنَّاكَ فُتُونًا ۚ فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِي أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَىٰ قَدَرٍ يَا مُوسَىٰ

    Хьан йиша ма яхара‚ тӀаккха цо олу: 'Ас тӀехьажадой шу и кхобург волчунна?' Оха хьо юхаверзийра хьан нене цуьнан бӀаьрг бузо‚ и гӀайгӀане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вира – Оха хьо кӀелхьарваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТӀаккха хьо веара /элчаналла хьуна тдилла билгалдинчу/ хеннахь‚ хй Муса

    20:40
  17. وَاصْطَنَعْتُكَ لِنَفْسِي

    Ас Сайна /элчалла ддахьа/ хаьржина хьо

    20:41
  18. اذْهَبْ أَنْتَ وَأَخُوكَ بِآيَاتِي وَلَا تَنِيَا فِي ذِكْرِي

    Хьада‚ гӀуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь

    20:42
  19. اذْهَبَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ

    ДӀагӀо ший а ФирӀавнна тӀе‚ баккъалла а‚ и тӀехваьлла /Делан дозанех/

    20:43
  20. فَقُولَا لَهُ قَوْلًا لَيِّنًا لَعَلَّهُ يَتَذَكَّرُ أَوْ يَخْشَىٰ

    Аш шиммо āла цуьнга кӀеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза

    20:44
  21. قَالَا رَبَّنَا إِنَّنَا نَخَافُ أَنْ يَفْرُطَ عَلَيْنَا أَوْ أَنْ يَطْغَىٰ

    Цу шиммо (Мусас а‚ ХӀаруна а) элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо кхоьру цо тхуна вас ярна‚ я и тӀехвāларна'

    20:45
  22. قَالَ لَا تَخَافَا ۖ إِنَّنِي مَعَكُمَا أَسْمَعُ وَأَرَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'Шу /шиъ/ ма кхера‚ Со шуьца ву‚ хезаш ву‚ гуш ву

    20:46
  23. فَأْتِيَاهُ فَقُولَا إِنَّا رَسُولَا رَبِّكَ فَأَرْسِلْ مَعَنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَا تُعَذِّبْهُمْ ۖ قَدْ جِئْنَاكَ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكَ ۖ وَالسَّلَامُ عَلَىٰ مَنِ اتَّبَعَ الْهُدَىٰ

    ДӀагӀо цунна тӀе‚ аш āла: 'Баккъалла а, тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду. ДӀабахкийта тхоьца Исраилан кӀентий‚ Ӏазап ма де царна. Тхо даьхкина хьуна тӀе хьан Кхиош-кхобучуьнгара делилаца. /Делан запах/ маршо ю нийсачу новкъа тьхьахӀоьттинчунна

    20:47
  24. إِنَّا قَدْ أُوحِيَ إِلَيْنَا أَنَّ الْعَذَابَ عَلَىٰ مَنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Тхуна вехьеца хаийтина: Ӏазап хир ду‚ аьлла‚ /цӀена Делан дин/ харцдинчунна а‚ /оцунах/ юхаваьллачунна а'

    20:48
  25. قَالَ فَمَنْ رَبُّكُمَا يَا مُوسَىٰ

    Цо (ФирӀавнас) элира: 'Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хӀай Муса?'

    20:49
  26. قَالَ رَبُّنَا الَّذِي أَعْطَىٰ كُلَّ شَيْءٍ خَلْقَهُ ثُمَّ هَدَىٰ

    Элира /Мусас/ : 'Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо а хӀуманна кхоллар делларг а‚ тӀаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а'

    20:50
  27. قَالَ فَمَا بَالُ الْقُرُونِ الْأُولَىٰ

    Цо (ФирӀавнас) элира: 'Хьалха хиллачу тӀаьхьенийн гӀуллакх муха ду?'

    20:51
  28. قَالَ عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي فِي كِتَابٍ ۖ لَا يَضِلُّ رَبِّي وَلَا يَنْسَى

    Элира /Мусас/: 'Церан Ӏилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло

    20:52
  29. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَسَلَكَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِنْ نَبَاتٍ شَتَّىٰ

    И ву Ша хилийтинарг шуна латта ага санна‚ Цо шуна цу (латта)чухула некъаш дихкина‚ Цо даийтина стиглара хи'. Оха схьадаьхна цуьнца (хица) шинакепара тайп-тайпана ораматаш

    20:53
  30. كُلُوا وَارْعَوْا أَنْعَامَكُمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِأُولِي النُّهَىٰ

    Даа шайна а‚ даьхни а дажаде. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъал долчарна

    20:54

Гочдар: Магомед Магомедов