Сурат 20 ТахIа, аят 36 – 40

  1. قَالَ قَدْ أُوتِيتَ سُؤْلَكَ يَا مُوسَىٰ

    Цо (Дала) элира: 'Хьуна делла айхьа доьхург‚ хй Муса

    20:36
  2. وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَىٰ

    Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚

    20:37
  3. إِذْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّكَ مَا يُوحَىٰ

    Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

    20:38
  4. أَنِ اقْذِفِيهِ فِي التَّابُوتِ فَاقْذِفِيهِ فِي الْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ الْيَمُّ بِالسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّ لِي وَعَدُوٌّ لَهُ ۚ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةً مِنِّي وَلِتُصْنَعَ عَلَىٰ عَيْنِي

    'ТIорказа чу вилла и‚ тIаккха хIорда чу кхосса и. ХIордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагIчо схьаоьцур ву'. Ас хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама Сан бIаьргийн хьалха

    20:39
  5. إِذْ تَمْشِي أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ مَنْ يَكْفُلُهُ ۖ فَرَجَعْنَاكَ إِلَىٰ أُمِّكَ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ ۚ وَقَتَلْتَ نَفْسًا فَنَجَّيْنَاكَ مِنَ الْغَمِّ وَفَتَنَّاكَ فُتُونًا ۚ فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِي أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَىٰ قَدَرٍ يَا مُوسَىٰ

    Хьан йиша ма яхара‚ тIаккха цо олу: 'Ас тIехьажадой шу и кхобург волчунна?' Оха хьо юхаверзийра хьан нене цуьнан бIаьрг бузо‚ и гIайгIане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вира – Оха хьо кIелхьарваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТIаккха хьо веара /элчаналла хьуна тдилла билгалдинчу/ хеннахь‚ хй Муса

    20:40

Гочдар: Магомед Магомедов