Сурат 20 ТахӀа, аят 37 – 41

  1. وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَيْكَ مَرَّةً أُخْرَىٰ

    Оха кхин /хьалха а/ ма бинера хьох къинхетам‚

    20:37
  2. إِذْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّكَ مَا يُوحَىٰ

    Оха вехьеца хаийтира хьан нене хоуьйтург:

    20:38
  3. أَنِ اقْذِفِيهِ فِي التَّابُوتِ فَاقْذِفِيهِ فِي الْيَمِّ فَلْيُلْقِهِ الْيَمُّ بِالسَّاحِلِ يَأْخُذْهُ عَدُوٌّ لِي وَعَدُوٌّ لَهُ ۚ وَأَلْقَيْتُ عَلَيْكَ مَحَبَّةً مِنِّي وَلِتُصْنَعَ عَلَىٰ عَيْنِي

    'ТӀорказа чу вилла и‚ тӀаккха хӀорда чу кхосса и. ХӀордо юьстаха кхуссур ву иза – Сан а‚ цуьнан а мостагӀчо схьаоьцур ву'. Ас хьуна безам тесира Сайгара‚ хьо кхиархьама Сан бӀаьргийн хьалха

    20:39
  4. إِذْ تَمْشِي أُخْتُكَ فَتَقُولُ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ مَنْ يَكْفُلُهُ ۖ فَرَجَعْنَاكَ إِلَىٰ أُمِّكَ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ ۚ وَقَتَلْتَ نَفْسًا فَنَجَّيْنَاكَ مِنَ الْغَمِّ وَفَتَنَّاكَ فُتُونًا ۚ فَلَبِثْتَ سِنِينَ فِي أَهْلِ مَدْيَنَ ثُمَّ جِئْتَ عَلَىٰ قَدَرٍ يَا مُوسَىٰ

    Хьан йиша ма яхара‚ тӀаккха цо олу: 'Ас тӀехьажадой шу и кхобург волчунна?' Оха хьо юхаверзийра хьан нене цуьнан бӀаьрг бузо‚ и гӀайгӀане ца йожийта а. Ахь цхьа стаг вира – Оха хьо кӀелхьарваьккхира пошмаллах. Оха зийра хьо зерца. Хьо висира цхьана шерашкахь Мадъянан нах болчохь. ТӀаккха хьо веара /элчаналла хьуна тдилла билгалдинчу/ хеннахь‚ хй Муса

    20:40
  5. وَاصْطَنَعْتُكَ لِنَفْسِي

    Ас Сайна /элчалла ддахьа/ хаьржина хьо

    20:41

Гочдар: Магомед Магомедов