Сурат 20 ТахӀа, аят 42 – 44

  1. اذْهَبْ أَنْتَ وَأَخُوكَ بِآيَاتِي وَلَا تَنِيَا فِي ذِكْرِي

    Хьада‚ гӀуо хьо а‚ хьан ваша а Сан делилашца‚ аш шиммо ледарло ма елаш Со хьехаварехь

    20:42
  2. اذْهَبَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَىٰ

    ДӀагӀо ший а ФирӀавнна тӀе‚ баккъалла а‚ и тӀехваьлла /Делан дозанех/

    20:43
  3. فَقُولَا لَهُ قَوْلًا لَيِّنًا لَعَلَّهُ يَتَذَكَّرُ أَوْ يَخْشَىٰ

    Аш шиммо āла цуьнга кӀеда дош‚ ойла ян тарло цо‚ я кхеравала тарло иза

    20:44

Гочдар: Магомед Магомедов