Сурат 20 ТахӀа, аят 49 – 52

  1. قَالَ فَمَنْ رَبُّكُمَا يَا مُوسَىٰ

    Цо (ФирӀавнас) элира: 'Мила ву шуьшиннан Кхиош-кхобург‚ хӀай Муса?'

    20:49
  2. قَالَ رَبُّنَا الَّذِي أَعْطَىٰ كُلَّ شَيْءٍ خَلْقَهُ ثُمَّ هَدَىٰ

    Элира /Мусас/ : 'Тхан Кхиош-кхобург ву‚ Ша массо а хӀуманна кхоллар делларг а‚ тӀаккха /и/ нийсачу новкъа диллинарг а'

    20:50
  3. قَالَ فَمَا بَالُ الْقُرُونِ الْأُولَىٰ

    Цо (ФирӀавнас) элира: 'Хьалха хиллачу тӀаьхьенийн гӀуллакх муха ду?'

    20:51
  4. قَالَ عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي فِي كِتَابٍ ۖ لَا يَضِلُّ رَبِّي وَلَا يَنْسَى

    Элира /Мусас/: 'Церан Ӏилма сан Кхиош-кхобучунна гергахь жайна чохь ду‚ тила а ца ло сан Кхиош-кхобург‚ виц а ца ло

    20:52

Гочдар: Магомед Магомедов