Сурат 20 ТахӀа, аят 55 – 76
-
مِنْهَا خَلَقْنَاكُمْ وَفِيهَا نُعِيدُكُمْ وَمِنْهَا نُخْرِجُكُمْ تَارَةً أُخْرَىٰ
Цунах Оха кхоьллина шу‚ цу чу Оха шу юхадерзош ду‚ цунах Оха шу арадохур долуш ду кхин цкъа
20:55 -
وَلَقَدْ أَرَيْنَاهُ آيَاتِنَا كُلَّهَا فَكَذَّبَ وَأَبَىٰ
Оха цуьнга (ФирӀавне) гайтира Тхан дерриге а делилаш – цо харцдира‚ цо тӀе ца ийцира /уьш/
20:56 -
قَالَ أَجِئْتَنَا لِتُخْرِجَنَا مِنْ أَرْضِنَا بِسِحْرِكَ يَا مُوسَىٰ
Цо элира: 'Хьо веана тхо тхан лаьттара арадаха хьан бозбуунчаллица‚ хӀай Муса?
20:57 -
فَلَنَأْتِيَنَّكَ بِسِحْرٍ مِثْلِهِ فَاجْعَلْ بَيْنَنَا وَبَيْنَكَ مَوْعِدًا لَا نُخْلِفُهُ نَحْنُ وَلَا أَنْتَ مَكَانًا سُوًى
Оха лур ма ду хьуна цунах терра бозбуунчалла. Хан тоха тхуна а‚ хьайна а юккъехь‚ оха а йохор йоцуш‚ ахьа а – юккъера меттиг (массарна тӀе бахка атта йолу меттиг харжа вайна къовса)'
20:58 -
قَالَ مَوْعِدُكُمْ يَوْمُ الزِّينَةِ وَأَنْ يُحْشَرَ النَّاسُ ضُحًى
Цо (Мусас) элира: 'Хан ю шуна – хаздаран де‚ Ӏуьйре делкъехьа йоьрзуш /я малх гӀеххьа хьалабаьлча, цига/ нах гулбар а'
20:59 -
فَتَوَلَّىٰ فِرْعَوْنُ فَجَمَعَ كَيْدَهُ ثُمَّ أَتَىٰ
ФирӀавн двахара, шен мекарло гулйира‚ тӀаккха веара
20:60 -
قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ وَيْلَكُمْ لَا تَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا فَيُسْحِتَكُمْ بِعَذَابٍ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنِ افْتَرَىٰ
Цаьрга Мусас элира: 'Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тӀехь харцдерг – Цо Ӏазап доуьйтур ду шуна. ХӀаллакхилла харцдерг кхоьллинарг'
20:61 -
فَتَنَازَعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ وَأَسَرُّوا النَّجْوَىٰ
Цара къийсира шайн гӀуллакх вовшашлахь‚ къайлаха кхеташо йира
20:62 -
قَالُوا إِنْ هَٰذَانِ لَسَاحِرَانِ يُرِيدَانِ أَنْ يُخْرِجَاكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ بِسِحْرِهِمَا وَيَذْهَبَا بِطَرِيقَتِكُمُ الْمُثْلَىٰ
Цара элира: 'ХӀара шиъ бозбуунчаш ма бу. Цу шинна лууш ду шу шайн лаьттара арадаха шайн шиннан бозбуунчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дӀатилабан лууш ма бу уьш
20:63 -
فَأَجْمِعُوا كَيْدَكُمْ ثُمَّ ائْتُوا صَفًّا ۚ وَقَدْ أَفْلَحَ الْيَوْمَ مَنِ اسْتَعْلَىٰ
ДӀагулъе шайн мекарло‚ тӀаккха цхьа могӀа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг'
20:64 -
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَىٰ
Цара элира: 'ХӀай Муса‚ я ахь кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?'
20:65 -
قَالَ بَلْ أَلْقُوا ۖ فَإِذَا حِبَالُهُمْ وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِنْ سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَىٰ
Цо элира: 'ХӀан-хӀа‚ кхосса аш!' ТӀаккха церан машшаш а‚ церан Ӏасанаш а цунна хаалора церан бозбуунчаллица тӀекхиссалуш
20:66 -
فَأَوْجَسَ فِي نَفْسِهِ خِيفَةً مُوسَىٰ
Мусас шегахь кхерам лайра
20:67 -
قُلْنَا لَا تَخَفْ إِنَّكَ أَنْتَ الْأَعْلَىٰ
Оха элира: 'Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг
20:68 -
وَأَلْقِ مَا فِي يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوا ۖ إِنَّمَا صَنَعُوا كَيْدُ سَاحِرٍ ۖ وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُ حَيْثُ أَتَىٰ
Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьара веъча а'
20:69 -
فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سُجَّدًا قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ هَارُونَ وَمُوسَىٰ
Бозбуунчаш суждане бегийра. Цара элира: 'Оха ийман дилли ХӀарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга'
20:70 -
قَالَ آمَنْتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ ۖ فَلَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ فِي جُذُوعِ النَّخْلِ وَلَتَعْلَمُنَّ أَيُّنَا أَشَدُّ عَذَابًا وَأَبْقَىٰ
Цо (ФирӀавнас) элира: 'Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза ша шуна бозбуунчалла Ӏамийнарг. Ас хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан дитташна тӀехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхох Ӏазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а'
20:71 -
قَالُوا لَنْ نُؤْثِرَكَ عَلَىٰ مَا جَاءَنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالَّذِي فَطَرَنَا ۖ فَاقْضِ مَا أَنْتَ قَاضٍ ۖ إِنَّمَا تَقْضِي هَٰذِهِ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Цара элира: 'Оха цкьа а хьо хоржур ма вац цо (Мусас) тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а (тхан Делал а/. Кхочушде айхьа кхочушдийриг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа хкху дуьненан дахар (-ан гллакх)
20:72 -
إِنَّا آمَنَّا بِرَبِّنَا لِيَغْفِرَ لَنَا خَطَايَانَا وَمَا أَكْرَهْتَنَا عَلَيْهِ مِنَ السِّحْرِ ۗ وَاللَّهُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-кхобучуьнга Цо тхуна гечдархьама тхан гӀалаташ а‚ ахь тхо ницкъ шена тӀедахийтина бозбуунчалла а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарел а/ бухавуьсург а ву'
20:73 -
إِنَّهُ مَنْ يَأْتِ رَبَّهُ مُجْرِمًا فَإِنَّ لَهُ جَهَنَّمَ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَىٰ
Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тӀе къинош дина вогӀург – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац
20:74 -
وَمَنْ يَأْتِهِ مُؤْمِنًا قَدْ عَمِلَ الصَّالِحَاتِ فَأُولَٰئِكَ لَهُمُ الدَّرَجَاتُ الْعُلَىٰ
Цунна (Далла) тӀе ийманехь а болуш, дика Ӏамалш а еш беънарш – уьш бу шайна вуно лаккхара даржаш дерш –
20:75 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ مَنْ تَزَكَّىٰ
Ӏаднан бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш, цу чохь уьш гуттар лаьтташ. И бу бекхам ша цӀанвеллачунна
20:76
Гочдар: Магомед Магомедов