Сурат 20 ТахӀа, аят 61 – 64

  1. قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ وَيْلَكُمْ لَا تَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ كَذِبًا فَيُسْحِتَكُمْ بِعَذَابٍ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنِ افْتَرَىٰ

    Цаьрга Мусас элира: 'Ма бала бу шуна! Ма кхолла Далла тӀехь харцдерг – Цо Ӏазап доуьйтур ду шуна. ХӀаллакхилла харцдерг кхоьллинарг'

    20:61
  2. فَتَنَازَعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ وَأَسَرُّوا النَّجْوَىٰ

    Цара къийсира шайн гӀуллакх вовшашлахь‚ къайлаха кхеташо йира

    20:62
  3. قَالُوا إِنْ هَٰذَانِ لَسَاحِرَانِ يُرِيدَانِ أَنْ يُخْرِجَاكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ بِسِحْرِهِمَا وَيَذْهَبَا بِطَرِيقَتِكُمُ الْمُثْلَىٰ

    Цара элира: 'ХӀара шиъ бозбуунчаш ма бу. Цу шинна лууш ду шу шайн лаьттара арадаха шайн шиннан бозбуунчаллица‚ шун масал хилла долу некъ дӀатилабан лууш ма бу уьш

    20:63
  4. فَأَجْمِعُوا كَيْدَكُمْ ثُمَّ ائْتُوا صَفًّا ۚ وَقَدْ أَفْلَحَ الْيَوْمَ مَنِ اسْتَعْلَىٰ

    ДӀагулъе шайн мекарло‚ тӀаккха цхьа могӀа бе. Воккхавуьйр ву тахана тоьлларг'

    20:64

Гочдар: Магомед Магомедов