Сурат 20 ТахӀа, аят 65 – 69

  1. قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَلْقَىٰ

    Цара элира: 'ХӀай Муса‚ я ахь кхуссу‚ я тхо хир дуьххьара кхуссурш?'

    20:65
  2. قَالَ بَلْ أَلْقُوا ۖ فَإِذَا حِبَالُهُمْ وَعِصِيُّهُمْ يُخَيَّلُ إِلَيْهِ مِنْ سِحْرِهِمْ أَنَّهَا تَسْعَىٰ

    Цо элира: 'ХӀан-хӀа‚ кхосса аш!' ТӀаккха церан машшаш а‚ церан Ӏасанаш а цунна хаалора церан бозбуунчаллица тӀекхиссалуш

    20:66
  3. فَأَوْجَسَ فِي نَفْسِهِ خِيفَةً مُوسَىٰ

    Мусас шегахь кхерам лайра

    20:67
  4. قُلْنَا لَا تَخَفْ إِنَّكَ أَنْتَ الْأَعْلَىٰ

    Оха элира: 'Ма кхера‚ баккъалла а, хьо ву вуно лакхахь верг

    20:68
  5. وَأَلْقِ مَا فِي يَمِينِكَ تَلْقَفْ مَا صَنَعُوا ۖ إِنَّمَا صَنَعُوا كَيْدُ سَاحِرٍ ۖ وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُ حَيْثُ أَتَىٰ

    Кхосса хьан аьтту куьйгахь ерг‚ цо кхоллур ю цара йинарг. Баккъалла а, цара йина бозбуунчийн мекарло. Воккхавер вац бозбуунча, миччахьара веъча а'

    20:69

Гочдар: Магомед Магомедов