Сурат 20 ТахӀа, аят 70 – 73
-
فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سُجَّدًا قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ هَارُونَ وَمُوسَىٰ
Бозбуунчаш суждане бегийра. Цара элира: 'Оха ийман дилли ХӀарунан а‚ Мусан а Кхиош-кхобучунга'
20:70 -
قَالَ آمَنْتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ ۖ فَلَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ فِي جُذُوعِ النَّخْلِ وَلَتَعْلَمُنَّ أَيُّنَا أَشَدُّ عَذَابًا وَأَبْقَىٰ
Цо (ФирӀавнас) элира: 'Аш ийман дилли Цуьнга ас шайна пурба далале хьалха? Баккъалла а, шун воккханиг ву иза ша шуна бозбуунчалла Ӏамийнарг. Ас хаддане а хадор ма ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу хурманан дитташна тӀехь‚ шуна хаъане а хуур ма ду‚ муьлханиг ву тхох Ӏазапца нуьцкъала верг а‚ мелхо а бухавуьсург а'
20:71 -
قَالُوا لَنْ نُؤْثِرَكَ عَلَىٰ مَا جَاءَنَا مِنَ الْبَيِّنَاتِ وَالَّذِي فَطَرَنَا ۖ فَاقْضِ مَا أَنْتَ قَاضٍ ۖ إِنَّمَا تَقْضِي هَٰذِهِ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Цара элира: 'Оха цкьа а хьо хоржур ма вац цо (Мусас) тхьоьга еъначу билгалонел а‚ тхо кхоьллинчул а (тхан Делал а/. Кхочушде айхьа кхочушдийриг: ахь кхочушдийр ду-кх деккъа хкху дуьненан дахар (-ан гллакх)
20:72 -
إِنَّا آمَنَّا بِرَبِّنَا لِيَغْفِرَ لَنَا خَطَايَانَا وَمَا أَكْرَهْتَنَا عَلَيْهِ مِنَ السِّحْرِ ۗ وَاللَّهُ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ
Баккъалла а, Оха ийман дилли тхан Кхиош-кхобучуьнга Цо тхуна гечдархьама тхан гӀалаташ а‚ ахь тхо ницкъ шена тӀедахийтина бозбуунчалла а. Дела – дика а ву‚ /хьол а, массарел а/ бухавуьсург а ву'
20:73
Гочдар: Магомед Магомедов