Сурат 20 ТахӀа, аят 77 – 89

  1. وَلَقَدْ أَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي فَاضْرِبْ لَهُمْ طَرِيقًا فِي الْبَحْرِ يَبَسًا لَا تَخَافُ دَرَكًا وَلَا تَخْشَىٰ

    Оха вехьеца хаийтира Мусага: 'Аравала Сан лешца буса‚ тоха хрдах /хьан са/ царна бекъа некъ хилийта. Ма кхералахь /Фирвнан эскар хьайна/ тӀекхиарх‚ ма кхералахь /шаьш хина бухадахарх а /

    20:77
  2. فَأَتْبَعَهُمْ فِرْعَوْنُ بِجُنُودِهِ فَغَشِيَهُمْ مِنَ الْيَمِّ مَا غَشِيَهُمْ

    Царна тӀаьхьавелира ФирӀавн шен эскарца – уьш дхьулбийра хӀорда чохь ша хьулбечо

    20:78
  3. وَأَضَلَّ فِرْعَوْنُ قَوْمَهُ وَمَا هَدَىٰ

    Тилира ФирӀавнас шен нах‚ нийсачу новкъа ца бихкира

    20:79
  4. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ قَدْ أَنْجَيْنَاكُمْ مِنْ عَدُوِّكُمْ وَوَاعَدْنَاكُمْ جَانِبَ الطُّورِ الْأَيْمَنَ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكُمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ

    ХӀай Исраилан кӀентий! Оха кӀелхьардехира шу шун мостагӀчух‚ ваӀда йира шуца ламанан аьтту агӀорахь‚ Оха доссийра шуна манна а‚ салва а

    20:80
  5. كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَلَا تَطْغَوْا فِيهِ فَيَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبِي ۖ وَمَنْ يَحْلِلْ عَلَيْهِ غَضَبِي فَقَدْ هَوَىٰ

    Даа Оха шайна деллачу рицкъих цӀенадерг‚ тӀех ма довлалаш /дозанех/ цу тӀехь – тӀаккха Сан оьгӀазло хьаьрчар ю шух. Шех Сан оьгӀазло хьаьрчинарг – хӀаллакхилла

    20:81
  6. وَإِنِّي لَغَفَّارٌ لِمَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا ثُمَّ اهْتَدَىٰ

    Баккъалла а, Со ву тӀеттӀа гечдийриг ша тōба динчунна‚ ийман диллинчунна‚ дика Ӏамал йиначунна, тӀаккха нисвеллачунна

    20:82
  7. وَمَا أَعْجَلَكَ عَنْ قَوْمِكَ يَا مُوسَىٰ

    'Хьо стено сихви хьан къомах‚ хӀай Муса?'

    20:83
  8. قَالَ هُمْ أُولَاءِ عَلَىٰ أَثَرِي وَعَجِلْتُ إِلَيْكَ رَبِّ لِتَرْضَىٰ

    Цо элира: 'Уьш дӀогахь бу сан тачча /богӀуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тӀе‚ сан Кхиош-кхобург‚ Хьо реза хилархьама'

    20:84
  9. قَالَ فَإِنَّا قَدْ فَتَنَّا قَوْمَكَ مِنْ بَعْدِكَ وَأَضَلَّهُمُ السَّامِرِيُّ

    Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тӀаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс'

    20:85
  10. فَرَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا ۚ أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ الْعَهْدُ أَمْ أَرَدْتُمْ أَنْ يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُمْ مَوْعِدِي

    Муса шен къомана тӀе юхавирзира оьгӀазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваӀда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваӀда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун оьгзло хьарча – аш йохий сан ваӀда?'

    20:86
  11. قَالُوا مَا أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَٰكِنَّا حُمِّلْنَا أَوْزَارًا مِنْ زِينَةِ الْقَوْمِ فَقَذَفْنَاهَا فَكَذَٰلِكَ أَلْقَى السَّامِرِيُّ

    Цара элира: 'Оха ца йохийра хьан ваӀда тхан ницкъица а, тхан лаамца а‚ делахь а, тхоьга схьабаийтира /массо а/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /црга/ кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс'

    20:87
  12. فَأَخْرَجَ لَهُمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ فَقَالُوا هَٰذَا إِلَٰهُكُمْ وَإِلَٰهُ مُوسَىٰ فَنَسِيَ

    Цо царна эса схьадаьккхира дегӀаца шен Ӏехар а долуш‚ тӀаккха цара элира: 'ХӀара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Цо (Мусас) вицвина /и шен Дела‚ дӀавахана/'

    20:88
  13. أَفَلَا يَرَوْنَ أَلَّا يَرْجِعُ إِلَيْهِمْ قَوْلًا وَلَا يَمْلِكُ لَهُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا

    Царна ца го-те: цо (эсо) царна дош а юха ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

    20:89

Гочдар: Магомед Магомедов